ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баталов Апти: ФСБ айса Iехийначул тIаьхьа, цо дечу даккхийн зуламийн теш хилира со... (2-гIа дакъа)


Нохчийчоь -Ичкерин инарла Баталов Апти ву оьрсийн эпсарца машар буьйцуш, 31Деч1996
Нохчийчоь -Ичкерин инарла Баталов Апти ву оьрсийн эпсарца машар буьйцуш, 31Деч1996

Маршо Радионо хьалхо бовзийтира нохчийн президентан Масхадов Асланан администрацин куьйгалхо лаьттинчу Баталов Аптин дагалецамаш, аьлча а, церан цхьа дакъа. КхидΙа оха довзуьйту Москох ФСБ-но иза шен къайлахчу петара дΙалачкъийначул тΙаьхьа оцу урхаллан лаккхарчу хьакамаша цуьнца лелийначух лаьцна. ХIетахь чекисташна дагахь а йоцу мекарло йира Баталовс. Иштта довзуьйту ФСБ-но кийтарлонца нохчийн тΙемалой Норд-Осте кхачорах а, муьлш бара нохчийн къам доьхкина нохчий а, хьенан карах елла хила тарло журналист Политковская Анна а...






… Москох ФСБ-но шен къайлахчу петарахь кхобучу Ичкерин президентан администрацин куьйгалхочунна Баталов Аптина хиира ша лаха Оьрсийчоьнан коьртачу шахьара деъна шен шича Руслан а (Гилани олура цунах гергарчара), лулахо-зуда а цхьана ницкъо дийнийла. Иза таллар ФСБ-н эпсаршка доьхуш ша Iачу юкъанна цуьнан аьтто белира, уьш Iеха а бина, цаьргара мобилан телефон яккха.

…Эццахь болийра цо ша дийна вуьсу некъ баккха.



ФСБ-н лаккхарчу хьаькамийн терго а Iехийна, НТВ-н а, шина газетан а журналисташка ФСБ-н телефонехула орца дийхира Баталов Аптис. ХIетахь йозуш йоцчу НТВ-телевизионан хаамийн редакцин куьйгалхочо Кричевский Григорийс шеен корреспонденташ бахкийтира ФСБ-но лаьцна латточу Баталовна гIо дан. Иза ша велла дIаваллалц дицлур дац Аптина…


ФСБ-н карара а ваьлла, ша вехачу Новр-ГIала цIеавеъча, Баталов Апти веха лийхира шена орцахвалларх вайна шича. ФСБ-на болх бечу эвтархочо Дениев Адама шена хаьа вайначух хилларг, аьлла, нах бахкийтира Баталовна тIе. Оцу кепехь Дениев шена ахча даккха гIортар а, шена магош доцург дар а ца лайра ФСБ-н эпсарша. Аптина хетарехь цундела а эккхийтира иза ФСБ-н полковника Дранец Игора а, кхечара а.

Новр-ГIалахь ша Iечу юкъанна, Баталов Апти теш хилира, Масхадов Асланна гергахь, цуьнан пресс-секретариатехь болх беш лелла мескарэвлахо ФСБ-н агент вуйла а, иза Москох парламент я кхийолу лаккхарчу куьйгаллин гIишло дIалаца баха нохчий вовшахтухуш вуйла а.

Тамаше дара и болх Теркибаевс ФСБ-н хьаькамашца цхьаьна беш буйла гучудалар. …Цхьа Теркибаев хилла а ца Iара оцу ФСБ-н къайленан декъахь, вара Ичкерин телерадиокомпанин куьйгалхо лаьттина Дагалаев Лоьма а.

Норд-Ост лаьцна латтийна нах байинчул тIаьхьа массех бутт баьлча эккхийтира Теркибаев Хампаша. Ткъа Дагалаев Лоьма вийра, БараевгIар Москох а бахале…



Баталов Апти шаьш дIахецале цунна массех компромат кечйира ФСБ-но – телевизионах пайда оьцура иза вовшахтухуш. Аьтто белира чекистийн Масхадовн Асланан бIаьргаш чохь иза мостагI ван…

ОРТ-каналехула Баталов дIахецар «Лефортово» набахтера а хила, цунна Iедало къинхетам а бина, бохура ФСБ-н информации тележурналистике юьллуш оцу телевизионехь болх бечу Мельник Романа. Амма бакъдолчух лачдолуш дара ОРТ-но елла репортаж…


…Оьрсийчуьра ведда Баталов Апти вехачу Ингалсехь цуьнан аьтто белира Лондоне еъна гоьяьлла журналист Политковская Анна ган. Аптис цуьнга дIакхачийра ша Дагаев Лоьма веле цуьнгара даьккхина видеотоьшалла – Норд-Остера бохам ФСБ-но кечйина операции яра бохучу тIекхачош бара и видеогайтам. Иза Iорабаккха а кхиале йийра Москох Политковская.

… Итт шо ду Баталов Апти Ингалсехь веха. Вон а дац цуьнан цигара Iер-дахар. Цундела тамаше а ду иза шеен тийна-таьIIина ваха цатигар. Стенна оьшу хьуна хайна кхераме долу тоьшаллаш гIарадаха, аьлла, хаттар а дира цуьнга Маршо Радионо. Хьалхара дакъа карадойла ду кхузахь: http://www.radiomarsho.com/content/article/25071158.html

XS
SM
MD
LG