ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь операци дIахьош коалици кхолла дагахь ю Iамерка


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министро ХIейгл Чака дIахьедар дина, Шеман режимана дуьхьал дIаяхьа мегаш йолчу тIеман операцехь дакъалоцур долу дуьненаюкъара коалици кхолла дагахь ду шаьш аьлла а. ПIераскан дийнахь Манилехь шен хиллачу зорбан конференцехь вист хьулуш ХIейгл элира шайн бертахошца цу хьокъехь дагадовларш дIахьош ду шаьш аьлла.

Еарин дийнахь Британин парламент Шемарчу операцехь шайн тIеман ницкъашка дакъалацийта реза ца хиллачул тIаьхьа КIайн ЦIийно дIахьедар дина, Iамерко тохарш дан мега Шеманна, Британи юьстах йисахь а аьлла. Цу дIахьедар тIехь аьлла ду, Обама Барака цхьаъ деш тидамехь латтош дерг Iамеркана оьшург ду аьлла.

Вашингтоно бехке йина Шеман президентан Асад Башаран режим кху беттан 21-чу дийнахь Димашкъехь, бIаьннаш адамаш а дойуш, бIаьвше герз лелорна. Шеман Iедалша тIе ца дуьту шаьш бехке хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG