ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйс гулам хΙоттийра Москох



ПΙераскан сарахь Москох, шен харжамийн кечамаш берзош, бахархой гуламе кхайкхира цигахь мэр дарж къовсуш волчу кандидата Навальный Алексейс.

Оьрсийчоьнан мехкашкахь парламентийн харжамаш а санна, кΙирандийнахь бу Москох мэран харжамаш.

Толам баккха тарлуш кандидат ву харжамаш хилале и дарж дитина волу Собянин Сергей. Социологаша бахарехь, харжамаш бах ца болуьйтуш, хьалхарчу муьрехь тола мега Собянин. Навальныйна ткъеха процент а кхочур бац кхаьжнаш, боху тергамхоша.
XS
SM
MD
LG