ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Башха мэр ца хаьржина Собянин


Оьрсийчоь - Москох мэран дарж кхаьчна лоруш волу Собянин Сергей
Оьрсийчоь - Москох мэран дарж кхаьчна лоруш волу Собянин Сергей

Цхьанатоьхначу Штаташкара Freedom House цIе йолчу адамийн бакъонашларъяран юкъаралло кхайкхам бина Оьрсийчоьне, Москохан гIалин да хоржуш тIехсов кхачамбацарш гучудийлар бахьана долуш, цу харжамийн официалан жамIаш хIинцехь тIе ма чIагIдахьара, аьлла.

Малхбузерачу политикаша а, бакъонашларъярхоша а кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедале, Москох-гIалин да хаьржина ларалуш волчу Собянинан толам дIа ма чIагIбахьара хIинцехь, аьлла.

Собянин Сергей тоххарехь Москох-гIалин да хаьржина ларалуш велахь а, цуо баьккхинчу толамах яккхий шеконаш ю дуккхаъчу тергамхойн. Оьрчийчохь хилла а ца Iаш, хIинца Малхбузера а тIечIагIйина и шеконаш.

Iамеркахойн Freedom House юкъаралло шен интернет-сайта тIехь яздина, цу харжамашкахь вуно дукха бозбуанчаллаш лелийна хилар бахьана долуш, Оьрсийчоьнан куьйгалло кхаьжнаш кхин цкъа а дагардича, иза цу махкахь харжамаш дIабахьаран системехь йоккха гIулч хир яра, аьлла.

Цуо карладоккху, толамхо ларалуш волчу Собянинс ша харжале хьалха москохахошка нийсоне а, цIена а харжамаш дIабахьа дош делла хилар. Цундела иза я харжамийн шозлагIчу муьрана резахила веза, я кхаьжнаш юхадагардайта деза цуо, аьлла хета тергамхошна.

Амма харжамашна кечам бечу хенахь делла долу дош цхьаъ хуьлу, ткъа уьш чекхбевллачул тIаьхьа шен гIентан йовхо ларъян гIалашо йолчу кандидатийн хьежамаш кхин хуьлу. Цундела официала кхаьжнаш дагардина а довлале Iедална гергарчу кандидатан агIончаша иза хаьржина ваьлча санна тудуш дара церан жамIаш.

ХIетте а, Москох-гIалин ден харжамийн жамIаш юха кхин цкъа а листаре Оьрсийчоьнан Iедалшка кхойкхуш Iамеркахой хилла ца Iа. Европарламентан уггаре а яккхийчех цхьана фракцин куьйгалхо волчу Уотсон Грэма а билгалдаьккхира, Кремлан гергарчу кандидато мискъазаратталла бен башхо йоцуш толам баьккхина хиларна, и толам шеконе лара богIу, аьлла.

„Доллучу дуьненна а хууш ду, Оьрсийчуьрчу демократин хьал мел шеконе ду, - элира цуо шен официала дIахьедарехь, Европарламентан фракцин сайта тIехь зорбане даьккхина долчу. - Ткъа цу тIаьххьарчу харжамаша и шеконаш кхин а алсам яьхна. Нагахь санна Собянин шен толамах тешна велахь, иза харжамийн шозлагIучу гуоне вала резахила веза“, - аьлла.

Шинари дийнахь зорбане даьхначу харжамийн жамIашца, Собянин Сергейна 51,37% кхаьжнаш кхаьчна, цу кепара цуьнга цхьаьна процентал жимма сов кхаьжнашца хьалхарчу гуонехь толам баккха оьшуш долу доза а хададойтуш. Цуьнан коьрта дуьхьалонча хиллачу Навальный Алексейна 27,24% кхаьчна.

Кхеташ ма-хиллара, Навальныйс а, цуьнан агIончаша а оцу сохьта харжамийн жамIаш шеконе дехкира, Москохахь Iедалан гергарчу ницкъаша вуно дукха харцонаш лелийна харжамийн каппашкахь, аьлла. Шайгахь цу харцонийн дуккхаъ тоьшаллаш а ду боху цара, шайн дешнаш чIагIдеш харжамийн каппийн белхалоша гаррехь нехан кхаьжнашца бозбуанчаллаш лелош гойтуш йолу видеош интернет-машане а йохкуш.

Амма и дерриге а шайн толам базбан кечлучу Собянина а, цуьнан лаккхарчу Iедалерачу накъосташа а тергал дахь тамаша бу – хIинцале а дIакхайкхина цара, керлачу ширачу гIалин ден Собянинан инаугураци кху беттан I2-чохь дIахьур ю, аьлла.
XS
SM
MD
LG