ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ткачевн омарца белхалойх-мигрантех цIанъеш ю Сочи


Iаьнан Олимпин Ловзаршна кечам беш, ницкъаллийн структураша Сочи-гIалахь йоккха операци йолийна, низамаш дохош беха мигранташ лаха Iалашонца. Коьртачу декъана, уьш олимипин объкеташ ян арахьара чукхайкхина бара.
Iедалийн хьесапехь, олимипин хьашт йолу гIишлош еш 100,000 стаг вара.

Царах дукхах берш Коьрта а, Юккъера а Азера бара. Лахьанан-бутт тIекхачале Сочи дIацIанъйина хила езаш ю белхалойх-мигрантех. Iедалша массо хIума юьхьарлаца кийча ду, цу Iалашоне кхача. И аьлла дIахьедар дина Краснодар-кIоштан губернаторо Ткачев Александро. Олимпиада тIекхача диснарг 48 де ду. Цундела, мигрантийн агIора гуттар а кIоршаме дIахьедарш дарца вевзачу Ткачевс полицина тIедиллина, кхин дIа хьашт боцу нах Сочера арабахар.

Мобилан тобанаш ю Сочехь болх беш, петаршна чохь талламаш дIахьуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG