ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машенийн ярмарка схьайиллина Франкфуртехь


Audi A8 Tip Quattro
Audi A8 Tip Quattro

МайнтIерачу Франкфуртехь дуьнентIехь уггаре а яккхийчех машенийн салон схьаеллаелла еарий дийнахь. Кху шарахь 65-лагIа дIаболош бу цуо шен болх, тIаьхьарчу цхьана шарахь доллучу дуьнентIехь кхоьллина йолу керл-керла машенаш хьовсархошна йовзуьйтуш болу.

Доллучу дуьнентIерачу машенашъезархоша уггаре а чIогIа сатуьйсуш йолу ярмарка схьаеллаелла Германерачу Франкфуртехь.

Машен лелочарна массарна а хууш ду, немцойн машене кхочуш цхьа а йоцийла. Мерседес, БМВ, Ауди – дуьненан массо а маьIIехь машенашъезархойн дегнаш чехка деттадолуьйтуш йолу и цIераш ерриш а немцойн махкара орамаш долуш ю.

Цхьа могIа кхин а, масала, Опель я Фольксваген, и хьалхарниш санна чехка а, маса а яцахь а, амма шайн кхачаме хиларца а, мелла а механа йорахох хиларца а евзаш йолу.

Ткъа хIора шарахь гуьйренан юххьехь Германехь дIахьочу машенийн салонехь хьовсархойн тидаме йоьхку машенийн концернаша, – Германерачара ехкина а ца Iаш, - уггаре а керла кхоьллина йолу моделаш, саенс фикшн кинош чохь хуьлучарех тера йолчу, футуристийн хьежамаш кхочуш беш санна кхоьллина йолчу башхачарна тIера – доьзалийн хьашташна лелон йиш йолчу, кхерамазалле а, кхоаме а йолчарна тIе кхаччалца.

Шайн керл-керла белхаш хьовсархошна гайта кху карарчу ярмаркехь кечъелла ю 1100 машенаш ен концернаш, 35 пачхьалкхера. Ткъа цкъа а хьовсархошна хIинцалца схьа гина йоцу моделех 160 машен хир ю салонан тховкIелахь ган а, цецвийла а йиш йолуш.

Иштта боккха тидам хIинцалерачу ярмаркехь электромобилашна тIехьажийна хир бу, Iалам лардар коьрта Iалашо йолуш кхоьллинчу. Цул совнаха, дуккха а керла юккъедахарш гойтур ду, машенийн салонаш чохь керла технологеш хIиттаярца доьзна долу. Масала, некъаш тIехь машенаш тIехсов гулъяларх шопаршка хаамаш беш йолу.

Автосалон схьайиллинарг немцойн канцлер Меркель Ангела яр.
Хьахон догIу, цхьа а оьрсийн машен цу гайтамехь дакъалоцуш ца хилар.
XS
SM
MD
LG