ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан сенаторо Маккейн Джона шен артикл зорбане йоккхур ю оьрсийн «Правда» газетехь


The New York Times газетехь Путин Владимира яздинчунна жоп луш, Оьрсийчоьнна критика ярца вевзаш волчу Iамеркан сенаторо Маккейн Джона шен артикл зорбане йоккхур ю оьрсийн «Правда» газетехь. «Правдина» а, Маккейнна а юкъахь барт хилла хилар тIечIагIдо Reuters агенталло, сенаторан зорбан-серктарана Роджерс Брайанна тIе а тевжаш.

Еарин дийнахь CNN телевизионна интервью луш, Маккейна емалдира Оьрсийчохь дешан маьршо ца хилар. Забар ечуха цо билгалдаьккхира, «Правда» газетехь шен артикл зорбане йоккхур ярий те, хаа лаара шена, аьлла.

Foreign Policy журналан белхахочо Хадсон Джона и хаттар «Правда» газетин коьрта редакторна хьалха хIоттийна хиллера. Маккейн вевзаш волу политик хиларе терра, цунна шен газетехь меттиг лур ю аьлла жоп делла «Правда» газетин коьрта редакторо Судаков Дмитрийс.

Судаков реза хилча, Маккейнан офисца зIене а ваьлла, Хадсона дийцинчул тIаьхьа, сенаторан зорбан секретаро жоп делла шен хьаькамо язъйийр ю артикл, Оьрсийчура демократин хаттарш а, адамийн бакъонийн хаттарш а ойъуш. Иштта, Маккейн дагахь ву, бIе эзар сов шен махкахо вийначу Асад Башаран режимана Кремло ечу гIорторах лаьцна яздан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG