ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Валдай-клубан рогIерчу кхеташонехь дакъалоцур ду Оьрсийчура оппозицин векалша


Дуьненаюкъарчу Валдай-клубан рогIера кхеташо схьайиллина Оьрсийчохь Новгород-махкахь. Гергарчу деа дийнахь цуьнан декъашхоша йийцаре йир ю тайп-тайпана политикан а, социалан а проблемаш а, ткъа иштта Шемахь хIоьттина хьал а. Цу форумехь дакъалоцуш ву 200 сов эксперт. Царах 125 кхечу пачхьалкхара хьеший бу.

Царна юкъахь бу Францин а, Полшин а хилла премьер-министрш Фийон Франсуа а, Миллер Лешек а, Еврокомиссин куьйгалхо хилла Проди Романо а. Кху шарахь клубан кхеташонехь дакъалоцур ду Оьрсийчоьнан оппозицин векалша Гудков Геннадис а, Пономарев Ильяс а, Рыжков Владимира а. Цу форумехь къамел дийр ду Собчак Ксенияс а. Навальный Алексей цига ца кхайкхина.

Валдай-клубан программица а догIуш, цигахь вист хир ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG