ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадана кхел яйта дагахь ву Рэпп


ТIеман зуламаш дарна а, адамаллана дуьхьал зуламаш дарна а Асад Башар кхеле озо веза аьлла хета Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна. Цу тайпа дIахьедар дина Iамеркан Пачхьалкхан департаментан лерринчу гIуллакхашкахула а, тIеман зуламаш дарца доьзначу хаттаршкахула а векал волчу Рэпп Стивена.

Yahoo интернет-порталана интервью луш Рэппа аьлла Шемахь къиза тIеман зуламаш дина, ткъа уьш дарна жоьпе озо беза уггара лакхарчу даржашкахь болу Iедалан белхахой аьлла. Цо дийцарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ накъосталла деш ю Шемахь дечу зуламех лаьцна информаци гулйеш йолчу меттигерчу организацешна.

Рэппа дийцарехь, дуьненаюкъаралле гIо деха дагахь ву иза, Шеман куьйгалхой кхеле озор Iалашонца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG