ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел Ангела тоьлла харжамашкахь



Евробарт чΙагΙбарехьа кхаьжнаш тесна немцоша, элира Германин бундестаган харжамаш берзарца доьзна шен Керста-Демократин парти юкъахь йолу коалици толарх лаьцна юха а, кхозлагΙа канцлер юьсуш йолчу Меркел Ангелас оьршот дийнахь.

Меркел Европан куьйгалхошлахь тΙаьххьарчу шерашкахь къасталуш яра юкъара финансийн система ца юхуьйтуш хьийзарца. Уггаре а хьалха цуьнан лаамца юкъахь йисина Евробертана экономикехь де эшна йолу Греци, Португали, кхийолу пачхьалкхаш а.

Оппозицин коьртехь йолчу социал-демократин партин векалца хΙинцале дийцарш долийна Меркела, уьш Ιедалан декъа озош. Германерчу харжамийн жамΙех лаьцна алссам хезар ду шуна тхан корреспондентан репортажехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG