ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Гринпис» а, Оьрсийчоьнан Ιедал а



Оьрсийчоьнан Ιедалша дΙакхайкхийна, дахначу кΙиранах шаьш лаьцна ткъе иттех «Гринпис» - юкъараллан декъашхо кхеле озор ву, аьлла. Уьш стенггара белахь а, Оьрсийчоьнан хин-дозанашца зулам дарна бехке бу уьш, элира Талламан комитетан векала Маркин Владимира. 15 шо кхайкхо тарло лецначарна, уьш кхело бехке бахь.

Мурманск-гΙалина гена йоццуш хица лаьттачу «Газпроман» мехкдаьтта доккхучу гΙопаста тΙе буьссуш лецна оьрсийн дозанхоша «гринписхой». Ткъа уьш дагахь бара Оьрсийчоьно Арктикан жил-Ιалам талхош хилар гΙарадаккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG