ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дас кIантах жоп лур ду


Оьрсийчоь -- Оьрсийн президент Путин Владимир Кремлехь, Лахьанан-бутт, 4, 2013
Оьрсийчоь -- Оьрсийн президент Путин Владимир Кремлехь, Лахьанан-бутт, 4, 2013

Террорхой леринчу наха дина зе меттахIоттор церан гергарчарна тIедуьллучу низамана кIел куьг яздина оьрсийн президента Путин Владимира. Сихха оьрсийн ДУМехула чекхдаьлла низам, схьагарехь, Сочехь Iаьнан Олимпан ловзарш доладале къобалдина ду.

Гезгмашин беттан 26-чу дийнахь оьрсийн президента путин Владимира Оьрсийн Пачхьалкхан ДУМе кховдийначу низаман проект, депутаташа ГIадужу-беттан 25-чу дийнахь тIеийцира. Федерацин Кхеташоно пхи де даьлча къобалдира.

Цу низамо бахарехь, теракто дина зе, дегнашна хилла халахетар а тIаьхьа а, «и теракт йинчуьн а, цуьнан уллерчу гергарчийн а, цуьнца цхьацца гергарлонаш я уллера доттагIалла лелийначерийн а – цунна беза хеташ хиллачерийн – а чоьтах меттахIоттор ду.»

Документах кхеточо йозано ма-боххура, нагахь санна ахча, бахамаш, хIусамаш а долахь хилар низамца чIагI ца лахь, кхелан сацамца Iедале шена берзор бу бахамаш а, хIусамаш а.

ТаIзар ду билгалдоккхуш, террор ян Iалашонца дешарна а; терроран юкъаралла кхолларна а, цигахь дакъа лацарна а; терроран организаци кхолларна а, цу организацин балхахь дакъа лацарна а.

Террорхой Iамор бохург, терроран болх дIакхехьа хаарш, кечамаш а бар бохург ду. Пхеа шарна тIера итт шарна тIекхаччалц набахтехь яккха хан а, 500,000 сом гIуда тохар а магадо цу керлачу низамо.

Терроран организаци а, юкъаралла а кхолларна йогIу хенаш дуккха а лакхара ю – пхийтта шарна тIера ткъа шарна тIекхаччалц. Цуьнан декъашхошна набахтехь яккха кхачон хенаш пхеа шарна тIера итт шарна тIекхаччалц хир ю боху керлачу низамо. Ткъа тухун долу гIуда а ду 500,000 сом.

Иштта, юкъаралле экстремистийн гIуллакхаш дан кхайкхамаш бинчунна а тухур ю набахтехь яха, мел лаххара а, кхаа шарна тIера итт шаре кхаччалц хенаш.
ТIехула тIе, федералан тIегIанехь коллегийн орган ю кхуллуш, террорца къийсам латточу федералан а, кIоштийн а, кхин а лахара тIегIанийн органашна тIехьажар тIехь хир долу. Цуьнан сацамаш кхочушбар тIехь хир ду боху низамо, массо тIегIанашкара органашна.

ХIинцале хаамийн гIирсашкахь керла низаман мах хадийна политикан аналисташа бахарехь, цу низамо талхайо, оццу оьрсийн низамо бехке ца хиларан презумци йохайо. Вуьшта аьлча, иза бехк хиларна тоьшаллаш карадаллалц, стаг бехке вац.

И низам, дукха хьолахь, Къилбаседа Кавказах хьакхалуш дуйла кхеташ ву массо а. Цундела, керла юкъадаьккхинчу низамо цигахь алсамбоху ницкъаллийн структурийн а, стоьландайн а карара ницкъ. Юкъараллехь эвсаръер ю хьагI а, нах бекъабалар а, бохуш сагаттадо адамийн бакъонашларъярхоша.
Оьрсийн низамашкахь хIинцале долуш ду, зуламийн новкъахь даьккхина ахча схьадаккха магош долу низам. Цундела, террорахошна гергара а, дагана хьоме а нахана таIзар дар хьехор, тобанера жоп дехар низаме даккхар санна лерина цара.

Цул сов, низамо шайн гергарнаш жоьпе озон буьйлабелча, тIемалоша тIелетарш дан тарло ницкъаллийн структурийн а, стоьлан дайн а гергарчарна.
Керлачу низамо террорахо леринчу стеган гергарчерийн а, бевза-безачерийн а бахамех лаьцна бохучуо куьйгаш достур достур, уьш цIена доцчерийн, аьлла хета бакъонашларъярхошна.

Къилбаседа Кавказехь йолу къайлаха экономикий, лахара говзалла йолу Iедалан векалшший а, цуьнан кхетор а тидаме эцча, муххале а, боху цара. Дагадоуьйту, миллионашкахь адам набахтешкахь дайъинчу Сталин Иосифо олуш хилла, "кIанта дех жоп ца ло," дешнаш.

Дукхах болчарна хетарехь, 43 миллиард доллар харж еш, Сочехь дIадахьа кечдина Iаьнан Олимпан ловзарш чIогIа маьIне ду оьрсийн президентана Путин Владимирна.

Уьш дуьйлаладала кIезиг хан йиссинчу хенахь, цо низаман проект ДУМе кховдор а, шен агIора, ДУМАно сихонца къобалдар а, царна бечу кечамца доьзна ду. Ша шех Имарат Кавказан лидер дIакхайкхийначу Умаров Доккас дIахьедар динера шена тIаьхьахIиттинчарга цхьа кхо бутт гергга хьалха, Сочехь дIахьун долчу ловзаршкахь тIелетарш де, аьлла.

ХIинцале и низам дийцаре даьккхинчу блоггерша дийца долийна, миллиардашкахь ахчанаш лечкъийна а, лечкъочу а Оьрсийчура Iедалдайшна а, церан гергарчарна а хIунда дац, хьарам ахчанаш схьадоху низам? Юкъараллин садукъон Iедалдайша низамехь жоп луш делхьара, церан харцонаша арабаьхна тIемалой шайн цIабоьрзур бара, проблема а дIаер яра, бохуш.
XS
SM
MD
LG