ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мурсина кхел йийр ю тIедогIучу шарахь


ТIедогIучу шеран Дечкен-беттан 8-чу дийне дIатеттина Мисаран хилла волчу президентана Мурси Мухьаммадана тIехь кхел яр. Оршотан дийнахь кхелана хьалха хIоьттинера Мурси а, цуьнан 14 накъост а. Амма суьдан кхеташо сацо дийзира цара махкана урхалла дечу тIеман куьйгалхошна дуьхьал маьхьарий деттар бахьана долуш.

Мурсис дIахьедар дира, ша бакъволу президент ву, цундела шена тIехь кхел яр сацо деза аьлла. Оццу хенахь цуьнан агIончаша демонстраци дIаяьхьира кхелан хIусаман хьалха.

Мурси Мухьаммад а, «Бусулба вежарий» боламан декъашхой болу цуьнан накъостий а бехке бина стохка ГIуран-баттахь полицица тасадаларш хилар бахьана долуш иттех стаг верна.

Уьш баллалц аьлла чубохка мегаш бу, я царна тоьпаш тоха мегаш ю, нагахь уьш кхело бехке ларахь. Мурсин накъосташна цунна дохкуш долу бехкаш бух боцуш ду аьлла хета.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG