ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саудин Iедалш шайн юххера бертахой хета Iамеркана


Сауди Iаьрбийн пачхьалкх Iамеркан мехала бертахо ю аьлла, дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Цо дийцарехь, и мохк йоккха меттиг дIалоцуш бу Гергарчу Малхбалехь кхерамазалла латторехь.

Цуьнах лаьцна Керрис дIахьедар дина Сауди Iаьрбийн пачхьалкхерчу Iамеркан векалаллехь. Цу махка иза кхаьчна Гергара Малхбалерчу а, Къилбаседа Африкерчу а, Европерчу пачхьалкхашкахула турне дIахьош.

Саудин арахьарчу гIуллакхийн министрца аль-Файсал Саудаца а, паччахьца IабдаллахIца а дагадовларш дIахьош Керри дагахь ву шайн мехкашна юкъара цакхетамаш бийцаре бан.

Цхьаболчу зорбанан гIирсаш билгадаккхарехь, Сауди Iедалш реза дац Шемахь а, Мисарахь а хуьлург бахьана долуш а, ГIажарийчоьнца юкъаметтигаш тоеш а Iамерко лаьцначу позицина.

Керрин турне лерина ю 11 денна. Иза цо дIайолийра КIирандийнахь Мисар-пачхьалкхехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG