ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Домодедово» аэропортехь эккхийтар дарна бехке бинчарна хенаш кхайкхийна


Москох-кIоштан кхело тахана шен сацам кхайкхийна, «Домодедово» аэропортехь эккхийтар дарна бехке бинчеран гIуллакхехула. Кхеле озийна хилла виэ стаг бехке лерина кхело. ЯндиевгIара-вежаршна Исламна а, Илесна а, Хамхоев Баширна а, луьра хьелаш долчу набахтехь белла дIабовллалц яха хенаш кхайкхийна.
Евлоев Ахьмад 10 шарана юкъара хьелаш долчу колоне вахийтина. Цул сов, царна тIедиллина, зе хиллачарна 50 эзар соьмана тIера ах миллион соьмана тIекхаччалц гIуданаш такхар.

Кхелан бехк буьллучу агIонан хьесапехь, шина вашас ЯндиевгIар а, Хамхоев Башира а гIо дина, ша шех эккхийтинчу Евлоев Мохьмадана ГIалгIайчуьра Москох ваха а, петар лаца а. Царна карийна боху кхело, пачхьалкхал арахьара богIу нах гуллучу чохь эккхийта меттиг а. Иштта, цара делла хилла боху цунна шех хьарчон «оьккху молха долу доьхка» а. Цара хьажийна такси тIе хаийна, аэопорте а.

2011-чу шеран Дечкен-беттан 24-чу дийнахь эккхийтар хилира Домодедово аэропортехь. И бахьанехь велира 37 стаг. 170-нна чевнаш хилира.
Цу эккхийтарх долу жоьпалла тIелаьцна «Имарат Кавказ» организацин лидеро Умаров Доккас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG