ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхой: Оьрсийчохь ницкъ бар, юкъара хIума ду


Оьрсийчохь ницкъ бар, юкъара хIума а хила дIахIоьттина, бохуш хаам бина пIераскан дийнахь адамийн бакъонашларъярхоша. И тайпа жамI динарш бу «Ницкъ баран тайп-тайпана яьххьаш» цIе йолчу рапортан автораш.

Иза кечдина Францера «Ницкъ бар дIадаккхаран Ассоциацин керстнаша» а, «Ницкъ Барна дуьхьал Йолчу Комитетца» а, «Юкъараллин сацам» цIе йолчу фондаца цхьаьний.

Цу рапорта тIехь билгалдоккху, Оьрсийчура полицехь ницкъ бар системе даьлла хилар. Адамийн бакъонашларъярхоша а, полицехула чекхбевллачара а чIагIдарехь. Цхьана шеконца лаьцнаршна ницкъ бо, зулам тIелацийта а, полицин хьесап лакхара гайта а Iалашонца.

Колонешкахь, набахтешкахь а администрацино ницкъ бо тутмакхашна таIзар деш. Ша-яьккхина йийцира бакънашларъярхоша Нохчийчура ситуаци. ТIемалошкахаь ойла ю моьттинчу кегий нахана полицино къиза ницкъ бо, элира цара. Нохчийчохь таIзарза бечу ницкъо сурт кхуллу, «низамаш цу кIоштахь лелаш дан а доцуш санна», аьлла яздина ду рапортехь.

Бакъонашлаяръхоша билгалдоккху, ницкъ лайначу нахана кхелехь нийсо цкъа а карош ца хилар. Нагахь санна, и тайпа гIуллакх кхеле кхачахь а, ницкъ бинчарна вуно атта таIзар кхайкхош хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG