ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кегийрхойн "хин йист" - интернет


Интернет, социала маша, веб, фейсбук, твиттер, вконтакте - Shutterstock
Интернет, социала маша, веб, фейсбук, твиттер, вконтакте - Shutterstock

Керлачу замано цхьацца хийцамаш бина нохчийн къоман дахарехь. Вовше ган а ца гуш, интернетехь бевзинчул тIаьхьа деш долу захалонаш алсамдовлуш ду. Оцу хIумано сагаттадойту цхьаболчарга, амма, вукхара, доьхна хьовззал хIума дац боху иза.


Замане хьаьжжина воцу стаг, иза оцу заманан чкъурго хьошура ву аьлла ду, нохчийн цхьана кицанахь. Амма, дог доккха долчу цхьаболчара дIаолуш илли ду, замане ца ловзавойтуш, зама ловзо еза бохуш. Цуьнан тIаьхьало, дан воккхавийра волуш ца хуьлу.

Карарчу замане хаьжжина хила гIерташ болчу нохчех а хьакхало иза. Заманан тоьллачу гIирсех пайда а оьцуш, шен кханене, ша лаьллина хохкуш йолу говра санна доьдуш ду къам. Ткъа, тоьлла бохург, даиманна хуьлий теша дика? Оцу хаттарна, цхьа терра жоп дац.

Интернет Нохчийчохь, Кавказехь йолчу республикашна юккъахь, уггаре а тIаьххьара бен ца яьлла юккъе. Амма, дукха сиха оцу маша майданах пайда эца Iаьмма кегирхой. ХIинца махкахь даьржина схьадогIуш хIума ду, цу чухулла йоьвзина зуда ялор.

Шен дика а, во а агIонаш йолчу цу керлачу хIумано, мила-хьена ду кIант а, йоI а, бохуш долу, даиманна коьртехь лаьттина долу хIума дIадоккхуш ду. Интернетехь йовза а йоьвзина зуда ялорна, доьхьал ву, Соьлжа-гIалахь вехаш волу Абубакар. Шен бахьан а ду цунна, масалла а ду дало, элира цо.

Абубакар: «Сан вешийн кIанта Интернет чохь йоьвзина зуда ялийна.Цулла Iовдал стаг яц. Вововшех гина а дац и шиъ. Цу чохь къамелаш а джина схьаялийна зуда. ГIуллакх деш яц, яа хума ян хууш яц. Бале а яьлла лелаш ду-кх тхо тахан».
Ванах Интернетехула, вовшах къамел деш, эккха мегаш бац, къамел дечу кIантана а, йоIана юккъахь безаман суй? Иза аьттехь а ца дитира Абубакара.

Абубакар: «Тати-гота, буракъашна дина асар. Безам-мезам дуьйцучохь дац. Безам бу, ялаялле. Ялийначулла тIаьхьа, иза тати-гота ю».
Нохчашна юккъахь,мехаллийн мах хийцабелла аьлла хета Абубакаран. Атта дахарна тIаьхьа боьвла лелаш бу кегирхой. Оцу хIуманна бехк, баккхийчеран бу, аьлла тидам бира цо.

Абубакар: «Оьзда а , иман а дочлу доьзалехь, лела Iамийначу зудаберийн аьтто хуьлу. Цхьа хIума ду, и шен зудабера дахарна кечбеш, уьш Iамош, кIезга бу-кх тахана наной. ХIума йитта ца хууш йолу зуда муха хира ю? Метта хIумий, берийн хIумий, цхьа йитта ца езий хаа ма деза царна».

Тахана, нохчашна юккъахь, кIезга бац, Интернетехь боьвзина кхоьллина доьзалша. Дукхачу декъана, кIант а, йоI а вовшех генахь долун дела деш ду цу тайпа захалонаш. Доьхьал хIума дац, амма, дика таллама бина, вовшах дика довза а доьвзина, ишшта вовшах кхета деза и шиъ, аьлла хета, этнолог-Iилманчина, профессорина Гарсаев Вахина.

Гарсаев Ваха: «ХIокху тIамо дуьне мел ду даржийна ма дай вай. ИНтернетехула кегийнарш бистхуьлий а, довзий а, я цIахь болчара олий а и хIумш деш ду. Иза наггахь бен деш дац. ТIаккха а , цу тайпа дина долу захалонаш, вай дайша ма аллара «Чиркх а латийна деш доцу» захалонаш, «ша тIехь йина гIала» санна хуьлу. Вайна ишам буи за. Къоман эшам бу».

Керлачу замано кхуллуш йолчу оьвхьазлонех ларбала безаш бу нохчий. Къома коьрта билгалонех ца къаста, хIуъа а дан мегар ду, аьлла тидам бира профессоро Гарсаев Вахас.

Гарсаев Ваха: «Далла бу хастам, Нохчийохь а, ГIалгIайчохь а и оьвхьазлонаш йохьуш йолу клубаш йоцуш. И клуб схьайиллича, кхана-лама кхин схьайиллича, меже ерзина яьккхича. Ишшта дIадоьду и оьвхьазалла. Вайна оьшуш хIума дац иза. Iадатах а , шарIах а ши тIам а бина схьадеана къам ду вай. Иза дохахь, къома букъ кагло.
ТIаккха оцу къомах дан хIума дац. ТIаккха ша пластилин санна ловзо йиш ю хьенна а. Иза вай ларъеш ца хилахь, вай гIуллакх ледар хира ду. Кхайкхам бара сан вайга массаьрга: Нохчолла бохучу хIуманах дIа ца къаьсташ, муьлхачу хIумнах дIакъаста мегар ду».

Шо шаренга мел долу, алсам долуш долчу Интернетехь дина захалонаш, ша дерш, къома гIиллакхаш а, ламасташ а хадош дац. Хийла меттигаш ю, ишшта вовшахкхеттачу кIанта а, йоIа а , ша болат санна чIогIа а, барт а болуш доьзал кхоьллина.

Цундела, оцу замана кхиамечу гIирсах кхера а ца кхоьруш, цуьнах шен барамехь пайда эца беза, аьлла хета, цхьаболчу тергамхошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG