ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тимошенкона орцахбевлла Евробертан дипломаташ



Европан Бертан пачхьалкхийн арахаьрчу гIуллакхийн министрш гулбелира Брюсселехь «Малхбалера Юкъарлонаш» цIе а йолуш, Вильнюсехь хуьлу саммит герга кхочуш Украинана гонахара хьал дийцаредан. Шинарийн дийнахь Украинан парламент ю гуллуш, набахтехь йоллу мехкан премьер-министр Iийна Тимошенко Юлия Германе дарбадан яхийтар къастош.

Украинана парламент гулъялале вовшахкхеттачу ЕвроБертан мехкийн дипломаташа дийцаре дира Тимошенкона дарбадан некъ баккхарца дозу хьелаш. Швецин министра Билдт Карла бахарехь, «тутмакхан кхоллам президентан Януковичан карахь бу». Амма «цунна лууш тера дац зуда ханна а мукъаяккха», - элира Билдта. «Ша баккъал а къоман лидер вуйла хаийта деза Януковича догдикалла гайтарца», - бохура гуламехь Литуван дипломатийн хьалханчас Линкевичус Линаса.

Европаца Украинан зIенаш чIагIъялар дозуш хир ду оцу пачхьалкхо цомгуш йолчу зудчунна мел къинхетам бо хьажжина, бохура ЕвроБертан векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG