ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдадехь ца совццуш дуьйлу герзаш



БагIдадехь масийтта эккхийтар дина шиIаташ бехачу меттигашкахь кхаарий дийнахь. Лаххара а велла 29 стаг, лазийна иттаннаш. Уггаре доккха тохар дина Садриа меттехь – цигарчу базарахь эккхийтинчу машено садаьккхина пхеа стеган.

Лелхийтарш дина БагIдадерчу ШаIаб, Тобчи, Кхаррада, Iазамийах, Амил олучу меттигашкахь а. И тайпа зуламаш дина БагIдадна 150 чаккхарма юьстахарчу Эн-Наджаф гIалахь а.

Хедаш дац Иракъехь кхушеран бIаьста кхерамзаллин ницкъаш мехкан къилбаседанехьарчу суннатийн каппашна тIелетча гIевттинчу зуламийн кочар. 5500 стаг вийна махкахь тIаьххьарчу 7 баттахь. Иштта ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино даладе терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG