ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норвеги а Iийна дуьненан телефонашка ладоьгIуш


Норвегин байракх
Норвегин байракх

Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Къоман Кхерамазаллин агенталло маьршачу нехан хабаршка ладугIуш хиларца йоьзна скандал керлайоккхуш ду хIинца Норвегерчу къайлахчу сервисийн куьйгалло дина дIахьедар. Уьш а хилла дуьнентIехь мел бехачу нехан телефонан а, интернетан а зIенашна тIехь терго латтош.





Норвегин тIеман талламийн куьйгалхочо инарлас Грандхаген Челлс даредина, шен олаллехь йолчу хьукмато дуьне мел ду бехачу нехан телефонашкахула долчу къамелашка ладегIна хиларан.

Бакъду, Оьрсийчохь политикан тховкIело а йолуш вехачу Сноудена Эдварда аьлларг – Норвегин бахархойн къамелашка Iамеркерчу Къоман Кхерамазаллин агенталло ладIегна бохург - цо дацаре дира.

Грандхагена дийцарехь, шайн пачхьалкхан бахархойн къамелашна тIехь терго йина ца Iаш, иштта кхечу мехкарчу бахархошна тIехь а терго латтош хилла Норвегерчу къайлахчу сервисаша.

Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира, шаьш ладегIна долу къамелаш террорхойн Iалашонаш хиларех шеконе лаьцначу наха дийраш бен дацара, аьлла. Цу кепара низамца доцуш шайн каракхаьчна хаарш шен белхахоша терроран дуьхьал къийсам латторехь шайца цхьаьна болх бечу кхечу пачхьалкхийн къайлахчу сервисашца - уггаре а хьалха Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Къоман Кхерамазаллин агенталлийца - боькъура шаьш, аьлла, мукIарло а дина цо.

Шаьш лелийначу къепедацаран цIано еш, Грандхагена элира, шен белхахоша нехан къамелашка ла ца дегIна, цара хьаьнца мичара мел деха къамел до я зIе латтайо боху хаарш гулдина, аьлла.

Жимма хьалха Сноудена Iамеркахойн къайлахчу сервисийн белхан къайленаш гучуяха йолийча, Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака йира изза кийтарло – ладегIнарш шаьш къамелаш дацара, нехан зIенаш хьаьнца маца хилла бохург дара тергонехь латтийнарг, аьлла.

Карладаккха догIу, Сноуден Эдвардан гучудахарш бахьана долуш яьржина скандал даханчу аьхка елира. Ша Iамеркахойн къайлахчу сервисехь болх беш волчу муьрехь цо копеш яьхна хиллера цу сервисо лелочу белхан кехаташна, цул тIахьа цо уьш гIара а ехира.

Дукха хан йоцуш гучуделира иштта Къоман Кхерамазаллин агенталло могIарерчу нехан къамелашка ладегIна ца Iаш, иштта 35 пачхьалкхан президентийн а, лакхарчу гIентан дай а къамелаш а толлуш хилла хилар.
XS
SM
MD
LG