ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера мацаллех довдийна бераш нохчийн доьзалшкахь кхиъна


Украинехь мацалла хIоттийча, цхьаберш Нохчийчу бахара. "Хьесапдаза дисина иэс" цIе йолу гайтам, Киев. Лахьанан бутт, 2007
Украинехь мацалла хIоттийча, цхьаберш Нохчийчу бахара. "Хьесапдаза дисина иэс" цIе йолу гайтам, Киев. Лахьанан бутт, 2007

Украинехь 80 шо хьалха Совет Iедало леррина мацалла а хIоттийна, миллионашкахь адам хIаллакьдира. ХIетахь, мацалло кIелбитина украинхой Нохчийчу баьхкина лийлира. Цу хенахь дуьйна Нохчийчохь хьалакхиина масех, шаьш цIена нохчий хетачу украинхойн чкъор.


1932-чу шеран Оханан-баттахь мацалла хIоттийра Украинехь Советан Iедало. Нах дIаида буьйлабелча, дозанаш дIакъовлийтира НКВД велшка а, эскарийн дакъошка а. Ерриг Украинехь хIоьттина мацалла 1933-чу шеран Лахьан-бутт кхаччалц лаьттира. Оцу муьрехь велла лоруш ву 8 миллионна тIера 10 миллион кхаччалц Украинан вахархо.

Колхозаш яхка гIертачу Советан Iедало лаххьийна нахера дIдаьаккхинера мел долу ялта.
Цу заманах лаьцна дуьйцу нохчийн историко Вачагаев Майрбека.

Вачагаев: "Советан Iедал деанчу хенахь цара коьрта даьккхинарг, уггар къиен-миска стаг Iехор дара. Хьоладай, болх беш болу нах, капек яккха хууш болу нах ца безаш, царна дуьхьала хIоттийна программа яра. Цунах хIун хилира? Хьалаайба кечбинчу наха гIортор ца хилира царна. Вукхаргара схьаяьккхинарг шайн бага кхоссале сатуьйсуш Iийра миска нах.

(Болшевикийн Iедал дIахIоьттина) дуьххьарлера шерашкахь, шайн тIемаш а жимма лагIбеллачуу хенахь, капек йолчунна коча бахара уьш. Массо цхьатерра вийр ву бохуш бара уьш. Иза хиллера, массо цхьатерра къиен ван гIертар."

Къилбаседа Кавказера тасабелла бохку нах а ишта дакъаза бехира Советан Iедало. Цунах лаьцна дуьйцу нохчийн историка Акаев Вахитас.

Акаев: Ишта Сибрех бахийтина бу вайн махкара, кулакаш бу аьлла 1,000 доьзал. Кулакаш ма бацара уьш. Кулакаш муха хуьлу? "Беднякаш" хилла. Церан даьхни, лортIехь цIенош, олуш там бацахаь, доьзал беркъа хилла, тIеюха цхьа хеча бен а ца хилла.
Иттех етт, иттех уьстагIа хилча а, цара кулакаш бой, дIахьовсош хилла-кх.
Царах цхьаберш, дийна бисинарш, цIабаьхкина. Вуьйш, цигахь бисина, цIавахчи а, цIахь хIумма а дац шен, аьлла. И агIо, ма-ярра, документашна тIехь теллина-м яц.

Украинехь мацалла йолаелира, коммунистийн тобанаша нехан хIусамашкара тIаьххьара хьачкIан буьртиг дIабаьхча, Киеверчу гайтамера сурт, Лахьанан-бутт, 2007
Украинехь мацалла йолаелира, коммунистийн тобанаша нехан хIусамашкара тIаьххьара хьачкIан буьртиг дIабаьхча, Киеверчу гайтамера сурт, Лахьанан-бутт, 2007
Къиза мацалла хIоьттича Украинин дозанаш дIакъовлале, цигара адам таттаделла Кавказе хьаьдира. И зама дагалоьцу, хIетахь 50 украинхойн доьзал тIе а лаьцна, кхаьбначу Чечана-эвлара вахархочо Яхъяев Хожас.

Яхъяев: "1933-1934-чу шерашкахь Чечнахь юьртада вара тхан деваша. Сибрех юха кхалха а кхелхира иза. 500 сов хIусам хилла хIетахь Чечнахь. ХIора пхиалгIачу нохчийн хIусамехь украинхойн доьзалш тIеэцна кхаба.
1938-гIа шо кхаччалц, цо дола а дина церан.
Да-нана делла бераш а царца. Уьш кху юьртахь диса а дисна. Церан тIаьхьенаш ю. Цхьаберш вайца Сибрех баьхкира, вай Сталина цIерадохучу хенахь. Цхьаберш вайца юха цIа а баьхкира.
Амма таханлерчу дийнахь шаьш цIарца бийцича, вас хиларна кхоьру со.
Оцу 100 доьзалх 20 доьзал Сибрех муха еара? "Аша ловш йолу хало ловр ю шаьш", аьлла, вайца новкъа бевлира. Царах белларш а бу цигахь.
Кхин цхьа хIума а ду.
Шайна динчу диканах диканца жоп делла цара. Оцу 50 доьзалах буха бисинчара, дукхах болчара, вайн йисина яьсса хIусамаш ларъяра. Сал-пал дIа а хаьрчийна, ларъяийра, 1957-чу шарахь цIадахка бакъо яллалц. Даьхний лардира."

Украинхойн бераш массо бохург санна, нохчийн эвланашкахь тIеэцна. Уьш хьалакхиъна шаьш тIелаьцначу доьзалшкахь. Бусулба динехь, шаьш нохчий а хеташ, баха а баьхна. ТIаьхьа нохчашка маре бахана, зударий балийна. ХIора нохчийн эвлахь ю шайн-шайн истореш. Бакъду, Нохчийчохь къиза лилхинчу тIемаша коьрта чуьра дIатеттина. Гуттаренна я, бакъдерг дийца йиш йолу маьрша хенаш тIекхаччалц. Хала хеташ делахь, хаддаза леш болчу наха шайца дIахьо, шайна хууш дерг.

Шелан кIоштара вахархочо ИбрехIима дуьйцу, шайн эвла украинхой бахкарх а, цара кегий бераш нохчийн доьзалшкахь дитарх а лаьцна.

ИбрехIим: "Суна дага а дог1уш, тхан эвлахь баьхна украинхой бала а белла, баккхий хилла. Къаьсттина зударий юара уьш. Мацаллех бевдда баькхина хилла уьш Нохчийчу. Суна баккхийчара дийцинарг бен ца хаьа, суна сайна гина х1ума дац иза.
Даханчу б1ешерахь тхан эвла баьхкина хилла уьш. Х1инца шайн 60 шарел т1ех лилхина бераш долуш бу уьш-м.

ДIа а, схьа а хиттича, Къилбаседа Кавказехь кхин къам ца карадо, де доьхначу дийнахь украинхой тIелаьцна долу. Делахь а, историкаша жоп дала деза цу хаттарна а. ИбрехIима дийцарехь, украинхоша шаьш ишта олуш хилла.

ИбрехIим: "Вай наха дийцарехь. билггал уьш Нохчийчу бахкаран бахьана хилла, вай баккхийчара дийцарехь, "хьеший тIеоьцуш бу, накъосталла деш бу, ямарт нах бац, доьналла долуш нах бу, цундела даьхкина шаьш", олуш хилла цара. Хьалхалера, шира нохчийн гIиллакхаш девзаш болу нах хилла уьш."

ХIумма а атта хьал шайггахь нохчашкахь а ца хилла, мацаллина оьгуш болу украинхой тIелоцучу хенахь. ТIехула тIе, луьрачу Советан Iедало бекхамза дуьтур дацара, ша ечу кхелах бовла гIо дан даьхьна къам. Делахь а, гIийлачунна гIо дар, нохчийн гуттар а коьртехь хилла ду. Чечнара Яхъяев Хожас дуьйцу.

Хожа: "Гой хьуна, 1едал ч1аг1делла ма ца хиллий х1етахь. Д1ах1отта г1ерташ хилла. Колхоз, совхоз ян г1ертара дара тхо, бежан-ялта лахьара, бохуш, дехарш деш хилла цара бахархошка. Х1ара республика ю, ишта мохк бу аьлла, ц1е тоххалц, ч1аг1делла х1ума ца хилла.
Украинхой т1е а лоцуш, гергарло ч1аг1дар а, 1едале хоьттуш дина ца хилла."

Историка Акаев Вахитас дийцарехь, цунна ша воккха хилчий бен ца хиънера, шайн гергара зуда украинера далийна хиллачу берех юйла.

Акаев: "Со Казахстанехь вина ву. Цигахь сан пхи шо долуш, со и йолче воьдуш хилла, гена йоццуш Iаш яра иза шен шина бераца. Цо шекарна тIе хи тухий, моз кечдора. И даа уьдуш со хилла. Со вайча, нанас и йолчехь лохуш хилла со. Бераша цунах мама олура. Аса а мама олура.

Вуьшта-м, цуьнан цIе ПетIмат яра. Кхано, тхо цIа даьхкича - шуьтахь Iаш дара тхо, цкъа тхан дас дуьйцуш хези-кх суна, и зуда, мацаллех кIелхьарбовлуш, Нохчийчу баькхинчу украинхой ма ю, аьлла. Юха дIа ла доьгIча гучуделира, ГIойтахь, Веданахь, кхечу ярташкахь а тхан гергарчаргахь хьалакхиина украинхойн бераш хиллийла."

Украинехь Советан Iеадло мацалла хIоттийча нанойн коьрта гIайгIа бераш дузор яра а, уьш дIалечкъор а яра. Мацаллина тоха садоцчу наха бераш даара. Киеверчу гайтамера сурт, 2007
Украинехь Советан Iеадло мацалла хIоттийча нанойн коьрта гIайгIа бераш дузор яра а, уьш дIалечкъор а яра. Мацаллина тоха садоцчу наха бераш даара. Киеверчу гайтамера сурт, 2007
Шен денанас шен жималлехь, дийцина хIуманаш хIинца керлачу маьIнехь го Соьлж-гIалин яхархочунна Амнатана.

Амнат: "Революци хиллачул тIаьхьа дукха украинхой бу бахара Нохчийчу баьхкина. Цара тIелаьцначу цхьаьна доьзалан дас аьлла, варелаш, "шайн хьаьжкIаш чохь йолу галеш тхов тIе хьала а дахий, уьш юткъа яржа яй, царна тIехула ча тоьхна поппар хьакха.

Болшевикаш шуна ма-моттара бац, цара ша ерг дIахьур ю шуна. Шу а, тхо санна арадохур ду. Шайн йолуш ерг лаьттах йолла", аьлла, хьехар дина хиллера цо. Юха мацалла хйоьттинчу хенахь, и хьехар бахьанехь, кIелхьарбаьлла хилла сан дененан доьзал."

Цхьадолу, Нохчийчохь хьалакхиина Украинера бераш, кхин цкъа а шаьш стенгара схьадевлла ца хьовсуш, бакъ дуьнене дIадахана. Цкъа делахь, Советан Iедало дихкина дара, Украинехь 1932-1933 чу шерашкахь планаца хIоттийначу мацаллех лаьцна дийцар. Уггар коьрта бахьана и дара. Амнатана хетарехь, цуьнан кхин а масех бахьана а ду.

Амнат: "Жима волуш дуьйна кхиинчу стага, ша кхобуш болчу нехан амал схьаоьцу, ша ваьхначу меттигера низам тIелоцу. Ша маре еана хилча, яа хIума хилча, Iийна хир ю зуда а, дIаяха ца гIерташ. хIинца санна дешна а ма бацара нах хIетахь. Я, Iедалх кхийрина а хир бу. Иза дийца мегаш ма дацарий."

БелгIатой-эвлахь ишта яьхна, бераллехь Нохчийчу ялийча да-нана а делла, детдом олучу, буоберий цIийнахь хьалакхиина хилла цхьа зуда. Дукха хан йоццуш кхалхар а хилла цуьнан. Шен цIийнда велча а ца яхна иза, ша схьаяьллачу махка, бохуш дуьйцу Амната.

Амнат: "Белхтой эвлахь яра иштта цхьа зуда, нохчочуьнгахь марехь хилла иза. ХIара тIом балале цIийнда вала а велла, гIийла Iаш яра. Къахетачара юург луш, юьртан моллано а, дола деш а яра. И шен майра цу эвлахь велла ву, кешнашкахь дIавоьллина ву бохуш, дIа ца яхар-кх иза, цуьнан кошан барз ларбеш Iийр ю ша, бохуш."

Иштта, геннара бен информаци ца йисна таханлерчу дийнахь Нохчийчуьра бахархошкахь. Нохчийн историка Акаев Вахита дийцира, хIора Нохчийчохь тIебогIу бала, хьалха хилларг бицбеш хуьлу. Цундела дисна, хIеттахь, коммунистийн Iедалша кертахь жимма бежана-хIума ерг кулак кхайкхавой, Сибрех хьажорх а, 1944-чу шарахь, вайнах цIерабохучу хенахь Хьайбахахь хилларг бухе кхаччалц таллар а, Мартан-тIера дарбан-хIусамера 60 дархо, НКВДено тоьпаш тоьхна вийначул тIаьхьа, церан декъий ор чу кхиссина, йоккха машенаца тIе латта хьакхийтар а. Масане ду уьш.


Украинехь мацаллех беллачерийн декъий, 1932-1933-чу шерашкахь мацалла хьегначийн синошна леррина Киевехь хIоттийначу гайтамера сурт, 2007
Украинехь мацаллех беллачерийн декъий, 1932-1933-чу шерашкахь мацалла хьегначийн синошна леррина Киевехь хIоттийначу гайтамера сурт, 2007
Терахьаш дац, дина хьесап дац. ТIаккха оьрсийн Iедалша – муьлххачу а кепехь Кремлехь чIагIделлачара – Нохчийчохь инзаре къиза зуламаш ца дина хьесап а хуьлу.
Нохчийчохь хIара ши тIом боьдуш доьза оьрсийн эскарша байъинчерийн эзарнаш декъий а ду, хьадаза, Iохкуш.

Жоп ца дехна зулам, куц хуьйцуш, юх-юха а хуьлуш Iедал ду цхьана меттахь. Нохчийчохь хуьлчуьнга хьаьжча кхета, иза цуьнан къеггина масала хиларх.

Нохчийчохь дукха нехан ца дисна жималлехь даьхна сурташ. Мацаллех бевдда украинхой нохчийн республикехь кIелхьарбовлар-м хьехор а дацара. Соьлж-гIалара Амната элира оцуу хьокъехь.

Мом: ХIокху тхан эвла баьхкина хиллачу гIазакхийн салташа хIора цIийнах чекхбовлуш, чу гаранатомет етташ, дагийра нехан цIенош. Сан дас, со йоккханиг ю аьлла, со йолчехь йитинера тIехь тхан доьзалийн суьрташ долу албомаш. Уьш а яьгна, массо хIума хIаллкьхилла, дIадаьлла. Истори муха юьсур юьсур ю, хIун тоьшалла дуьсур ду?
Лехча, украинхой а, церан тIаьхьенаш а карор ю.

Яхьъяев Хожас бахарехь, сурт-хIума а долуш верг хир ву Нохчийчохь. Делахь а, маьрша ца хиларна, уьш дуй хаийта хIуттур вац цхьа а.

Яхъяев: "Царах лаьцна тоьшаллаш нах болуш бу. Суьрташ карахь долу нах а хир бу. Амма, таханлерчу дийнахь иза стенна леладо ца хууш хилча, нах хIуьттур бац. Цхьа хан кхаччалц собар дан деза.
ЛортIехь долу хьал хIоьттина, зулам динарг цу а вуллуш, нийсо хIоттахь, тIаккха кхин ду.
Тахана лаьтташ долу хьал, да воккхавевийр волуш дац. Вайна гуш ду-кх, юьхь лачкъийнарг чувуллу, миллардаш лачкъийнарг арахь вуьту. Даиман ишт лаьттина Iедал дук-х хIара ишта. Къайле схьайоьллуш зуама яц. Дерриг дуьненанхь 25 шо даьлча къайле схьайоьллу. ХIокхераниг цхьа дийца мегаш дац, гучудаккха мегаш дац."

1932чу а, 1933-чу а шерашкахь Украинехь мацалла хIоттийча билггал маса стаг велла хууш дац тахана а. ХIунда аьлча, цул тIаьхьа масех шо даьлча Советан Iедало бахархойн хьесапдеш бохбуунчаллаш лелийра, долу сурт къайладахийта Iалашонца. Мацалла хIотторца цхьаьна, шуьйра политикан репрессиш дIаяьхьира, Украинера интеллигенци хIаллакьеш.

Украинхоша хIолодомор олу, мацаллица доьзна зулам дуьххьара талла агIо йолийра, Канаде а, Цхьаьнатоьхначу Штаташка а ШолгIа Дуьненан тIамал тIаьхьа дIакхелхинчу украинхойн гIоьнца. Цу пачхьалкхашкахь маьршша дийца а, талла а аьтто хилира церан.

Маршо радион дехар ду ладогIархошка, шайн болчу аьттонца тхоьца зIене довлуш, украинхой тIелацарх лаьцна дийцар а, сурташ, видеош а яийтар. Шаьш украинхой а кхойкху оха, тхайца зIене довларе. Бакъйолу истори, иза ма-ярра хуучо язъян езаш ю, кхечара, иза шайн агIора язъяле.
XS
SM
MD
LG