ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь совцуш яц дуьхьалонан акцеш


Укранинехь дIайоьлхуш ю евроинтеграци яр доьхуш йолу акцеш. Кхаарин дийнахь Киевехь, Незалежности майдане 5 эзар студент веана бохуш хаамаш бо хаамийн агенталлаш. Европан майданахь йолчу Министрийн кабинетан хьалха дIайоьдуш ю пикет.

Кхаарин дийнахь Украини хилла волчу президенто Ющенко Виктора дIахьедар дина Евроберто Украиница дийцарш дIахьош гIалат далийтина набахтехь хан токхуш йолчу Тимошенко Юлиях доьзна хаттар ультиматуман кепехь а хIоттийна аьлла.

Германерчу Die Welt газетан инетевью луш Ющенкос аьлла и бахьана долуш Евробертан некI шайна баккъалла а дIайиллина ю бохучух дог даьлла Киеван аьлла. Украине Таможнин бертана юкъайола аьлла, Оьрсийчоьно дина дIахьедар, Ющенкона хетарехь, цу махке ша колони хилар даре де алар ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG