ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо - турпалхо вац Оьрсийчохь


Новгород кIоштехь болх беш волу Мусатаев Мохьаммад шен доларчу фермехь, Чудово, Новгород кIошт, Лахьан-бутт, 2013.
Новгород кIоштехь болх беш волу Мусатаев Мохьаммад шен доларчу фермехь, Чудово, Новгород кIошт, Лахьан-бутт, 2013.

Лахарчу Новгород кIоштехь, полисхо а вийна, кхиъ нах байа араваьлла волу зуламхо лаьцначу нохчочуьнна цIе хьулйина меттигерачу Iедалша. Цуьнана накъостий къар а ца бела, иза гIара ца даьккхинехьарий, и турпаллийн хIум динарг, мила ву а хуура дацара.

И хIума хиллера, дукха хан йоцуш. Лаххарчу Новгородехь бехачу нохчаша, шай лаамца, иза гIар ца даьккхинехьарий, иза довзанза дуьсура дара шуьйрачу юккъараллехь. Мусатаев Мохьмада, шан куьйгалла дечу фермехь, Успенское олучу оьвлахь, герз карахь долу кIоршме зуламхо лаьцнера.

Метигерчу вахархочо, мала а волуш, куьпа полисхо а вийна, цуьнгара машен а яьккхина, бIаьрзвелла лелаш хилла герз а эцна. Мохьмадийн ферме кхаьчча, цигахь, оцу нохчийн жима стага, герз схьа а доккхуш, дIа а лаьцна, тIебаьхкинчу полисхошка дIавеллера. Маршо радиога цуо дийцира и хIума муха хиллера.

Мусатаев Мохьмад: «Ара ца валийта тIехьа машен а хIоттина, саца а вина, кертара аравалахь аьлча, цо оьзда доцу хIумш дийцира. Вахьвоссахь машена чуьра шега аьлча, цо дIа а таьIна, тапч юьйлира. Суна гуш яцара иза тапча юьйла, амма, со кхийтира гIовгIанца.

Ас цуьнан лаг а лаьцна, вукху куьйгаца тапча йолу куьг а лаьцна вахьваьккхира. ТIаккха гира суна цуьнана карахь и тапча юьйла. ТIара а тоьхна дIадерзийра. Оцу миноташкахь полисхой а тIекхечира. Цара элира цо женя бохуш волу куьп полисхо вийна аьлла».

Ша и динарг, гIарадаккха лууш а ца хилла Мусатаев Мольмад. Амма, даиманна хезаш дерг, нохчаша вониг бен деш дац бохург, бакъ доцийла дIахаийтар бахьнехь дийцира ша боху цо.

Мусатаев Мохьмад: «Вай нохчашна, цхьа хIуьттаренаш лелор бен, хIума гIарадоккхуш дац. Нахана а, баккхийчарна а хьалхахь динчуьнах дозалла дар, хаза доцийла а хууш, ас кхин цхьанге а олуш дацара. Юха Майрбека а, Ислама а, Новгородера телефон туьхира Новгородера. Репортаж ян лууш бара уьш.

Суна сай юьхь а гойтуш хIума ца лаьара, амма, яьккхийтара ас. Дозалла деш а дацара иза, вай нохчийн йохь бехъян гIертачеран хIуьттаренна дира. Вай цIера телефонаш а етта, дозалш хIунда до ахь аьлла. Ас, юха а боху, вай мичча а дIадахча, вахьтаIа меттиг йоцийла а дIахоуьйтуш гIарадаьккхина ду и хIума».

Полисхо вийна аьлла, велла дIаваллалца набахти чохь яьккха хан тоха мегаш волу и оьрсийн зуламхо, сацийначу Мусатаев Мохьмадан цIе цхьанна а агIора меттигерачу Iедалша а хьахийна ца хилла. Цул совнах, талламан гIуллакхан юккъахь, и зуламхо сацийнарг шен цIе яьккха ца лууш, хилла волу машенийн шофер ву аьлла яздийна хилла, бохуш кхин дIа а дуьйцу Мусатаев Мохьмада.

Мусатаев Мохьмад: «Талламан комитетехь а, меттигерачу хаамашкахь а, цIе йоцу шофер ву аьлла дара, и зуламхо сацийнарг. И хIума сайна хезча, дог даьттIа, цига вахана гIовгIа а йинера ас. Суна цо и тапча тоьхнехьарий, иза бохам бара-кх. Кхузахь болу нах дIалоьвчкъинера иза керта веъча. Таханлерачу дийнахь, царна хIума а ца хуьлуьйтуш чекхадаьккхина долчу оцу хIуманех ца дашар санна, пусар ца дар санна хета, аьллера ас цаьрга».

Оьрсийчохь къаьмнийн юкъметтиг талха йолаяларах дуьйцуш, Мусатаев Мохьмада, ша деххачу шерашкахь зеделлачу къаночо санна дуьйцу. Цуна, ца хета, могIарера нах а, меттигера Iедалша а, и хIума десто лууш бу аьлла. Мелхо а, цаьрца шай даиманна дика уьйранаш хилар билгалдоккху цо. Ткъа, царна Iаткъам беш, царелла лекха Iедалша ду аьлла тидам бира цо.

Мусатаев Мохьмад
: «Кхузахь, хIокху гIалахь нохчашца йолу юкъметтиг, цхьанна а кепара телхина яц. Кегий-мерса дов далар бен, кхин хIума хуьлуш дац. Нохчий а ма баций башха цIена. Амма, вайна доьхьал хIорш боьвла аьлла меттиг яц. I993 шарахь дуьйна кхузахь вехаш а ву со.

Дуккха а нохчий а Iийна кхузахь. Iедал а во дац. Амма, царелла лакхарчара долош ду хIума. Кхиъ лакхарниш бу, хIуа дина а , барт бохо гIерташ. Ахь дIалелош долу гIиллакх, хьоьца схьа а ма леладой, ахь мел дийцахь а. Буйнашцаний цкъа чекхавера ву хьо, амма, иза даиманна некъ бац. Хьолла тIьахьа богIучаьрга иза кхъочуш да ца делча? Цундела, вай дашца а, ларамца а, вай цIе йоккхуьйту».

Мусатаев Мохьмада майралла гойтуш дина хIара цхьа хIума хилла ца Iа. ХIокху аьхка, хи чу дахана долу бер даьккхина цо лечуьра кIелхьара. Я иза а, важа а, хьаха а ца деш дисина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG