ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаьънаш дукха оьцучу пачхьалкхашна юкъахь ю Оьрсийчоь кхушара а


Дуьненаюкъара Iедалх йозуш йоцчу Transparency International организацино шинарин дийнахь зорбане даьккхинчу кхаьънаш эцаран рапорто бахарехь, дуьненарчу 177-чу пачхьалкхана юкъахь 127-чу меттехь лаьтташ ю Оьрсийчоь.

Оцу кепара, Оьрсийчоьно мелла а тодина шен хьал, 133-чу меттера хьала а яьлла. Делахь а, кхечу пачхьалкхашкара хьал кхин а галдарца дузу иза говзанчаша. Масала, хьалха Оьрсийчоьнца лаьтташ Казахстан 140-чу метте дIататтаелла.
Уггар кIезиг кхаьънаша хьал талхийна пачхьалкхаш лору Дани а, Керла Зеланди а. 3-чу меттехь ю Финлянди.

«Кхаьънаш эцар» къасточу хенахь тидаме оьцу стоьландайшна кхаьънаш балар, Iедалехь болчу наха пачхьалкхан тIедиллар кхочушдеш йоькъу са а, бюджетан ахча шен хьашташна дерзор а, Iедало коррупцица къуьйсуш лелорг а.
1995-чу шарахь дуьйна коррупцина хьесапдечу Transparency International организацино дийцарехь, 70% процент пачхьалкхаш ю кхаьънаш эцарца бала хьоьгуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG