ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къахьегна ваьлла Пакистанан коьрта суьдхо



2008-чу шарахь Пакистанан президент Мушшараф Первез вохош жигара хьийзина мехкан Лакхарчу кхелан да Чаудхри ИфтихIар хIинца дуьтуш ву шегара дарж къанваларца доьзна. Адамийн бакъонашкахьа латтарца а, Пакистанехь кхелаш маршаяхарца а вевзаш ву Чаудхри.

Амма Пакистанан коьрта суьдхо иштта бехкевора цхьана декъо, иза оппозицигахьа лаьттина хиларна. 2005-чу шарахь президентан Мушшарафна дуьхьал, иза диктатор ву аьлла, халкъ айдира цо. Ткъа стохка премьер-министр Гилани Юсуф, харцонаш лелорна бехке а вина, вохийра балхара.

Чаудхри ИфтихIаран метта Пакистанан Лакхарчу кхелан коьрте хIоттош ву Гилани Хьусайн Тассадукх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG