ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедална доьхьала вовшатоьхна хилла акцеш дIасалаьхкина туркойн полицино Истмалехь а, Хьонкарахь а


БIаьргех хиш тосуьйту газ а, пластикан патарманаш а лелийра туркойн полицино, Истмалехь, туркойн премьер-министре ЭрдохIан Реджепе дарж охьадиллар доьхуш гулбелла нах дIасалохкуш. Цунна бахьана дара, хьастагIа коррупцина тIехула даьлла дов. Туркойчоьнан коьрта Хьонкар-гIалахь а гIалахь гулбелла нах а дIасалаьхкира полицино оццу амалехь.

Доьхьалонан акцеш пIераскан дийнахь юьйлаелира, Iедало шен керлачу сацамца, дIахьуш болчу талламах лаьцна шайн лаккхарчу хьаькамашка хаам байтар полицина тIедиллар кхело юхатоьхначул тIаьхьа.

Даханчу кIирнахь коррупцица доьзна гIуллакх толлуш, Туркойчура полицино шуьйра талламаш дIабаьхьнера Истмалехь. Цуьнца доьзна лецира ткъеха стаг. Царна юкъахь бара кхаа – экономикан а, чоьхьарчу гIуллакхийн а, Iалам лардаран а, гIишлошъяран а министрийн кIентий а.

Цунна духьала туркойн премьеро ша «куьйгаш кегдийр ду» элира шена дуьхьал бевллачеран. Цо дIахьедар дира, Туркойчоь дакъошка ятIон лаам болу ницкъаш бу шен пачхьалкхана дуьхьал бевлла. Оцу кепара ситуацино тIеIаткъам а бина, долларна дуьхьал кхоччуш яъйина туркойн лира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG