Лаххара а 11 стаг вийна Пакистанехь, ши эккхийтар а дина. Пакистанан Iедалша бинчу хаамца, 10 стаг вийна 11 чевнаш йина ву ОвхIанистанан дозанца йолчу Тирах атагIахь. Цигахь Хайбер-кIоштахь меттигерчу тайпан хьалханчан хIусамехь иккхина бомба. France-Presse-агенталло бинчу хаамца, байинчерна юкъахь кхоъ бер ду. Хиллачуьнан бахьана хууш дац.
Цхьаболчу хаамашца, эккхар хилла ларамаза. Кхин цхьа эккхар хилла Хайбер-Пахтунхва-провинцехь. Цигахь школана уллехь ша эккхийтинарг ву Iожалхо. И бахьана долуш цигахь вийна кхиазхо.
Цхьаболчу хаамашца, эккхар хилла ларамаза. Кхин цхьа эккхар хилла Хайбер-Пахтунхва-провинцехь. Цигахь школана уллехь ша эккхийтинарг ву Iожалхо. И бахьана долуш цигахь вийна кхиазхо.