ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша тайпа кхерамазаллин зона кхоьллина Сочина гонаха


Тахана дуьйна, Олимпийн ловзарш дуьйладала бисина цхьа бутт а болуш, ша тайпа кхерамазаллин раж юкъаяьккхина Сочехь. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира арахецначу указаца а догIуш, цкъа а ца хилла хIума ду Олимпиада дIахьош Оьрсийчохь юкъадоккхуш. Кхоьллина къевлина йолу зона. Цига кхача аьтто хир бац, Iедалша бакъо еллан а бен. Цу зонан дозанаш ду Кхарачой-Чергазойчура Абхазе кхаччалц. Дихкина ду кхечу меттигашкара транспорт Сочи-гIала чуяр. Бакъо а йоцуш, машенахь цу гIала ваха гIоьртинчун гIуда тухур ду 3000 сом барамехь.

Цул сов, Олимпийн ловзарш хир долчу меттехь кхоьллина леррина зонанаш. Цига кхача аьтто хир бу, полицино леррина таллам бинчул тIаьхьа. Тахана дуьйна чIагIйинчу рожехь болх бан буьйлабелла 30 эзар сов полицин белхахой а, чоьхьарчу эскаран салтий а. ТIемачу хьоле даьхна Чолхечу хьолан министраллан дакъош.

Стохка аьхка Къилбаседа Кавказерчу тIемалойн лидеро Умаров Доккас кхерам тесира Сочера Олимпиада юкъах йоккхур ю ша аьлла. Цо юхаяьккхира ша Оьрсийчурча Iедалшна тIелетарш дарна кхайкхийна йолу мораторий. Умаровс кхайкхам бира шен агIончашка Олимпиадин объекташна тIелетарш де аьлла.

ЦхьамогIа эксперташ дузу дукха хан йоцуш Волгоградехь хилла теракташ Сочехь хир долчу Олимпийн ловзаршца.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедар дина, шаьш кийча ду Сочера Олимпиада дIайоьдуш Оьрсийчоьнна кхерамазалла ларйеш гIо дан аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG