ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна критика йина Amnesty International-о


Сочера Олимпийн ловзарш тIекхочуш а долуш, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна рапорт арахецна дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино. Цу документ тIехь дуьйцуш ду бакъонашларъярхойн саготта дойтуш долу хаттарш.

Цул сов, цу тIехь далош ду адамийн бакъонаш йохоран масалш. Amnesty International организацин белхахоша дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь президенто Путин Владимира, тIе куьг а таIийна, цхьамогIа «репрессиван низамашна», Оьрсийчохь маьрша гуламаш барна а, хетарг аларна а, кхечу тайпана ойланаш йолуш хиларна а Iаткъам беш долу.

Цу документан авторша билгагдаккхарехь, 2011-чу шо чекхдолуш дуьйна Москох а, цунна гонаха а эзарнаш адамаш дIалийцира, 100 сов дуьхьалонан акци дIасалаьллира, я дIаяхьар дихкира Iедалша, цу низамашна тIе а тевжуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG