ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юристийн МусаевгIеран - Мурадан а, Мохьмадан а - цIенойх хьаьжна Iедал


Оьрсийчоь -- адвокат Мусаев Мурад, Маршо Радиона интервью луш, 08Гез2009
Оьрсийчоь -- адвокат Мусаев Мурад, Маршо Радиона интервью луш, 08Гез2009

Оршот дийнахь Оьрсийчоьнан Талламан комитет вевзаш волчу Москохарчу адвокатан Мусаев Мурадан а, цуьнан вешин Мохьмадан а (иза лаккхара тIехьажам боьхучу гIуллакхийн талламча ву Нохчийчуьрчу Талламан комитетехь) цIенойх хьаьжна. Iедало ша кхерорхьама арабаьккхина некъ бу иза, элира Мусаев Мурада Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь. Цунна а, цуьнан доьзална а гонах лелаечу харцоно оьгIазбахийтина Москох адвокатурашкахь белхаш беш болу кавказхой.




Маршо Радион оьрсийн сервисца динчу къамелехь адвоката иштта туьду шена гонаха леларг. «Шинарий дийнахь керлачу тIегIантIехь, керлачу бехк-къасторхойн гIоьнца болалуш бу журналист Политковская Анна ерах долчу кхелерчу девнан рогIера мур. Со цигахь ца хуьлу агIо лоьху талламчаша. Суна тIеIаткъам бан гIерта уьш. Со шайга кхералур воций а хууш хьоьжу цIийнах, лоьху со балхах вохон некъаш», бохура Мусаев Мурада.

Москох цIийнах хьожучу юкъанна, изза барам дIабаьхьина Талламан комитето Соьлж-ГIалахь а, цигара талламча Мусаев Мохьмад, Мурадан ваша, вехачохь а.

Мурадан цIера дIаяьхьина цо шен, адвокатан, документаш чохь кхобу кхо компьютер. Ткъа вешин Мохьмадан хIусамехь карийна боху низамехь доцу герз.

Мусаев Мурад майраллийца тIех гоьваларна а, Iедалх иза озалуш вацарна а, адвокатна ма-доггIу, ша агIо лаьцначу нахана тIехIиттарна доьхкуш бу Iедалхой. Цхьанхьа цо юридикан кхачо йо, Политковская Анна йийна бохуш, кхел а ерзале, Iедало гезбохучу нахана, вукху меттехь иза бакъван гIерта ерриг а системано полковник Буданов верна бехке хила кхачийна волу Темирханов Юсуп. Мусаев Мурад ву массо а дийцаре даьхначу девнашкахь адвокат, цундела иза Iедална бале ваьлла. Иштта ду дукхахболчу тергамхоша бохург.

Маршо Радионо оцу хьокъехь теллира Москох алссам бевзачу кхечу адвокаташна-кавказхошна хетарг.

Ткъе иттех сов шо ду Хадисов Муса юридикан системехь болх беш волу. Дийна а воцчу Сталинан биста кхаччалц, дукха зуламхой девне ийзийна а ву иза цхьа зама хьалха. Прокуратурехь а, талламашкахь а белхаш бинчул тIаьхьа ваьлла адвокатан практике. «Хьайбах. Талламаш дIабоьлхуш бу» цIе йолчу жайнин автор а ву иза.

Хадисов: «Адвокат Мусаев низамехь болх беш ву. Цхьаболчу адвокаташца ойла йина оха, хьалха заманахь, масала, 1937-чу Сталинан шарахь, бехк толлуш, кхелех чекхдовлучу девнех 20-30 процент девнаш бехкевийриг тоьлуш доьрзуш хилла. Ткъа тахана цхьана прогценте а ца кхочу и гайтам. Сталинан заманал а дуккха а низам лелаш дацарца, харцонаш яцарца оьшуш ю таханлера зама, аьлла.

Доцца аьлча, талламчашна тIехь цхьанненан а цхьа а Iуналла дойла дац. Адвокатан болх а бу тахана вуно кхераме болх. Цхьаьллиг а цхьа бехк бу аьлла ца хета суна Мусаев Мурадан. ...Со кхеташ хIума дац цара лелориг, хIуьттаренна санна ду цара мел дийриг.

Хийцамаш хила безаш бу. Иштта хьал лаьттийла дац. КхидIа а иштта хуьлийла а ма дац».

Москох дуккха шераш адвокатан гIентахь даьхна Ибрагимов Анзора. Цо бахарехь, вуно готта бу Iедало тахана адвокатна нехан бакъонаш къийса битина некъаш.

Ибрагимов: «Адвокаташ цхьа процент девнашкахь а ца тоьлу Оьрсийчохь тахана. Талламан комитето массарна а боцу бехкаш тIехьерчор, уьш кхелашкахь даим а тоьлуш хилар а заманан сибат ду. Адвокатах статист вина.

Адвокатан карахь тахана цхьа а бакъонаш яц. Мусаев Мурадца лелориг – иза ерриг а Оьрсийчоьнан адвокатураца лелориг гойтуш васт ду. Тахана Мурад дIалахь, кхана бухабисина адвокаташ а дIабуур бу кху системано. Ткъа дерриг а Сталинан 1937 шо юха деъча санна ду. Тхан болх берриг а жамI доцуш бу-м эр дац ас, амма цига гIьрттина-м ду хьал».

Мусаев Мурадна я Талламан комитетан а, я кхелан а дан хIума дац. Иза харцонашца, уьш хьаьнггара йийларх а, ца кхоьруш шен болх беш схьавогIу къийсамхо ву, бохура Маршо Радионе кхечу Москох адвокат волчу кавказхочо а – Горчханов Аюба.

Горчханов: «Иза карверзо гIерта Iедал. Массо а кхета Мусаев Мурад оццул Iовдал воцийла а, цо шен балха тIехь ледарлонаш йовлуьйтур йоцийла а. Цундела со шек а вац иза тоьлург хиларх».

Iедал, цIийнах а хьажна, цкъачунна дIадахна адвокатан Мусаев Мурадан хIусамера. Ткъа кестта жигара доккхур ду цо иза ша къастийначу бехканна жоьпе ийзор. Амма ала дац, карор бу цуьнгахьа, иза харцонах хьалха воккху ницкъ таханлерчу Оьрсийчохь.
XS
SM
MD
LG