ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вевзаш волу Iамеркера журналист Сэттер Дэвид кхин Оьрсийчу воуьйтур воцуш сацам бина Москохо


Оьрсийчоь - lамеркан журналист, яздархо Дэвид Саттер, Гезгмашин-бутт 20, 2013.
Оьрсийчоь - lамеркан журналист, яздархо Дэвид Саттер, Гезгмашин-бутт 20, 2013.

РогIерачу Малхбузера журналистана дихкина Оьрсийчоьнан Iедалша цу махка вар. Иза Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Сэттер Дэвид ву, Маршо радион консультант санна бох беш волу. Амма Сэттер Дэвид дуьххьарлераниг журналист вац Оьрсийчоьнан Iедало некъ бихкина верг.


Цхьанатоьхначу Штаташкара вевзаш волу журналист Дэвид Сэттер кхин Оьрсийчу ца ваийта бинчу сацаман официала бахьана цуо Оьрсийчуь вахар-варан низам хьашина хилар ду. Яханчу гурахь Москохарчу Таганийн кIоштан кхело бина хиллера хIинца гIарбаьлла болу сацам.

Журналисто ша хаамийн гIирсашка дийцарехь, иза вуно цецваьлла цу кепара шена дуьхьала оьрсийн Iедалша яьхначу гIулчашна. „Со царна дика вевзаш ву. Ас Оьрсийчоьнах а, Советан пачхьалкхех а лаьцна яздо 40 шо ду. Амма хIара санна дерг суна дуьххьара гуш ду“, - элира цуо шен Ассошиэйтед Пресс агенталлица хиллачу къамелехь.

Амма Сэттерна и санна йолу гIулч шена дуьхьал яр дуьххьара гуш делахь а, кху тIаьхьарчу пхийттех шарахь Оьрсийчоьнан Iедалша боккхачу кхиамца шайн герзане дерзийна хIума ду иза - шайна ца товчу агIор яздеш я талламаш беш болу журналисташ а, адамийн бакъонашларйархой а махкара арабахар я царна Оьрсийчу бахка бакъо ехкар.

Къаьстина Нохчийчуьрчу тIемех а, адамийн бакъонаш хьешарх а лаьцна яздеш болу журналисташ бара цара юхьаралаьцнарш.

Башха дукха хан йоцуш, 2011-чу шарахь гIовгIане дирзира Британерчу Гардиан газетин журналист Хардинг Люк Оьрсийчоьнан Iедалша шайн махка бахкар дихкинчийн могIаре ваккхар. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло цу журналисто аккредитацин бакъонаш хьешна аьлла дIахьедар дира, ткъа Хардинга ша оьрсийн Iедалша ша бечу журналистийн талламийн бахьанехь юхьаралаьцна, аьлла яздира. Цуо бечу талламашна юккъехь, ала дашна, Нохчийчуьрчу хьолаца боьзнарш а бара.

Нохчийчуьра тIом дукха ира критике бар бале делира Чехерчу репортерана Прохазкова Петрина а. Хьалхара тIом болабелча дуьйна схьа Нохчийчохь белхаш бина хилла иза 200I -чу шарахь оьрсийн Iедалша „персона нон-грата“ кхайкхийра. ХIетахь дуьйна цу махка кхин яха бакъо йолуш яц иза.

Дуьненна а вевзаш волу францхойн философ а, яздархо а волу Глюксманн Андре а вара шен Нохчийчуьрчу тIеман а, Оьрсийчоьнан Iедалан а ирачу критикаца гIарваьлла. Шозлаха тIом болабеллачу муьрехь иза къайлаха Нохчийчу а вахана, цигахь дийна цхьана баттахь Iийра, цигара хьал тергал а деш.

Шен даймахка юхавирзирча, цуо дукха артикалш язйира Путинан эскарша Нохчийчохь лелочу къизаллех лаьцна. ГIарделира иштта, иза Оьрсийчоьнан низамцашца а доцуш Къилбаседа Кавказехь хилла хилар. ХIетахь дуьйна цунна Нохчийчу хьовха, Оьрсийчу ваха а некъ бихкина бу.

И санна долу масалш кхин а дуккха а ду. Вевзаш волчу оьрсийн журналисто, экстремала журналистикин центран куьйгалхочуо Панфилов Олега маццахехь динчу дIахьедарца, 2000-ха шо доладелча дуьйна схьа, мел кIезга а, 40 Малхбузерачу журналистана дихкина Оьрсийчоьнан Iедалша шайн махка бахкар. ХIинца Сэттер Дэвидна а и бехкам баро гойту, и терахь алсамдолуш хилар.


XS
SM
MD
LG