ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Робот Рене, аутизм йолчу берийн хьомсара доттагI


Хорвати - Робот Рене
Хорвати - Робот Рене

Хорватера Дешаран а, технологин а Iилманчаша керла проект йолийна, берийн аутизм билгалъйоккхуш хьесап далуш йолу роботаш кхолларца йоьзна. Маршо радион Загребера корреспондента Барбир-Младинович Анкицас кечъйина, оцу талламаша дерриг дуьненахь долчу берашна дан тарлучу гIоьнах лаьцна материал.

Диъ шо долу Лука чIогIа самукъадаьлла ву шен керлачу доттагIах.

Лука: «Цуьнга яздало. Цуьнга хIума яало. Цул сов, цуьнга хи а малало.»

Цу шинна самукъадолу, цхьаний хелхадолуш а. Амма иза ша-тайпа доттагIалла ду. Лука аутизман цамгар йолу бер ду – леларан а, кхиаран а ша-тайпалло юкъараллица йолу юкъаметтигаш генахь латтош йолу. Цуьнан доттагI Рене, робот ю.

Загребера университетан дешаран а, реабилитацин а факультетан а, электроникан а, компьютерийн Iилманийн а факультетан а цхьаний йолчу проектах беркат даьлла, цхьанакхетта ю и робот а, Лука а.
Цу керлачу хIуманан Iалашо ю, беран аутизм цамгар хилар хьалххе дуьйна билгалдаккха. ХIинццалц схьа и гIуллакх вуно чолхе а, масех са болуш а хилла ду.
Робот берана гIо дан Iалашо йолуш ю, лоьрана метта кхоьллина яц. Талламхочо Стошич Ясминас дуьйцу Ренес цу гIуллакхехь лоцучу декъах лаьцна.

Стошич Ясмина: “Аутизм йолу беран ира-кара хIотторан бахьана ду и робот, иза вуно атта а, гуттар цхьатера а ду. Цуьнан бIаьргаш гуттар цхьана меттехь ду. Цуьнан мотт а гуттар цхьана меттехь бу. Адамаш и санна цамгар йолчу берана чолхе ду, хIунда аьлча, къамел дечу хенахь куьг-эшар хуьйцу вай, юьхь хийцало. Цхьана дийнахь вай цIечу басара коч юху, вукха дийнахь сийна коч юху. Ткъа робот гуттар а ша ма-ярра ю. Цомгушчу беран дукха информаци талла ца деза тIаккха. Цуьнан метта цхьана хIуманна тIехь соцу ойла».

[Demonstration video of Rene doing tai chi at the Zagreb lab: http://www.youtube.com/watch?v=QhCLcjTx_rc]

Хьалххе билгалъяккха хала хиларна, аутизм тIаьхьа къастош нисло. Дукхах долу Хорватера аутизм йолу бераш 5-6 шо кхаьчча бен ца дуьйлало леррина Iилма Iамон а, терапи лелон а.
Цукель Марийн 4 шо долу, аутизм йолу кIант Филип, роботашца йоьзначу проектехь дакъа лоцуш ву.

Цукель Мари: «Шен 14 я 15 бутт болалуш къовлавала волавелира Филип. Нехан бIаьра хьожучара сецира иза, ур-атталла, шен ден а, ненан а. Ши бутт а балале тхо гIо лаха арадевлира. Халахеташ делахь а, хан елира. Цуьнан цхьа шо ах шой дара тхоьга аьлча: «И бер дукха жима ду, хIуъа хила тарло. Цхьа жимма собар дина, хIума дийр ду вай», аьлла. Оха лоьрашка тхан бераца цхьаъ нийса дац аларна а, тхан кIантана диагноз хIотторна а юкъахь хан елира. И хан яйна хан яра.»

Цукела бахарехь, Филипана Ренех кхетар, дуьне карчар санна хIума дара.

Цукель Мари: «Дуьххьара шена и робот гича, гIанта охьа а хиина, цуьнга хьоьжуш Iийра иза. ТIах-аьлла а, атта саца а ца лучу Филипана боккха кхиам бара, охьа а хиина, леррина цхьана хIумане хьоьжуш Iер.»

Iилманан талламхочо Чепанец Майяс бахарехь, хIинццалц берашца дIабаьхьначу талламашкахь Ренес бинарг дика Iаткъам бу.

Чепанец: «Цхьанна хIуманна тIехь тидам латторца а, нехан бIаьра хьажарца а проблемаш йолчу берашна чIогIа дика Iаткъам бина робото хIинццалц. Цуьнга а хьоьжуш, самукъадолу церан. Цкъачунна, цуьнца доьзна дика хIума бен дац тхан билгалдаккха.»

Робот Рене Франци пачхьалкхехь кхоьллина ю. Дуьненара масех Iилман-талламан институташа пайда оьцу цунах, аутизм йолчу берашца болх беш. Делахь а, Хорватера талламхой, диагноз хIоттош йолу робот кхолларна тIехь болх беш бу.

Чепанеца бахарехь. Шайн проектан Iалашо, цу цамгарца доьзна кега-мерза хIума вовшатохарца йоьзна ю. Масала, леларехь юх-юха а гучудолуш долу хIума тидаме оьцуш – хи молуш а, роботан цIе а йоккхуш, цуьнга вистхилар а.

Чепанец: «Роботана чуйоьллина камера, микрофон, динамикаш а ю. Оха тидамза дита тарло хIума дIаяздан йиш ю цуьнан. Беро дуьйцург я цо еш йолу гIовгIа код еш, дIаязъйо цуо. Денан-нанна уллехь хилар, беро ша шен лаамехь уьйр мсоуза тосу, мосузза бIаьра хьожу, ишта дIа кхин а.»

Оцу проектан кхане хила Iалашонца, талламхой Хорватин Къоман Iилманан Фондаца а, Европера хьасташца а болх беш бу, шайн талламашна юкъахь алссам бераш хилийта лууш, бохуш ерзайо шен материал Маршо радион Загребера корреспондента БАрбир-МладИнович Анкицас.
XS
SM
MD
LG