ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIом бу Женевехь луьстуш



Шема барт боссо лаам болуш вовшахтоьхначу дуьненанюкъарчу конференцино шен болх болийна Швейцарехь. Монтре-гIалахь гулъеллачу цунна хьалха къамел деш, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретара Ги Мун Пана, «вуно халачу проблемаца Iоттаделла дуьне, амма вай иза кхочуш ца йича ца довлу», элира.

Оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министрна Лавров Сергейна а хета дийцарш аттачех дац, сихха цхьа некъ Шеманна карош уьш доьрзур а дац, аьлла.

Асад Башар Шемахь кхуллучу керлачу Iедалан коалицин декъа ваххане а вохуьйтийла дац, элира Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона.

Шемахь конфликт йолаелчхьана схьа дуьххьала нислуш ду Асадан а, цуьнца тIемаш бечу оппозицин а векалш бертан къамелашка ховшар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG