Совета зама йицъяланза йолчарна, дикка дагдан там бу, буьйцучу меттанашца гIуллакх муха дара. Соьлжа-гIалахь, ненан мотт буьйцуш нах бацара, оьрсийн бен. Ишколашкахь а иза Iамош бацара. Жима волчу хенахь, суна, тамашийна хетара, гIалахь доьшучу ишколехь оьрсийн а, ингалс а, немцойн а меттанаш хIунда Iамадо, амма, нохчийн мотт юккъера хIунда баьккхина аьлла.
Чуьра баккхийчаьрга иза хаьттича, жоп царна а ца карийра, вовшах а хьожий, белшаш а сатта йой, кхин хIума дийца хIуттура. Ткъа, юккъараллийн транспорт чохь воьдуш-вогIуш, нохчийн маттахь къамел дича, цу чуьрчу оьрсийша, реза боцуш хIума ца аьлла, наггахь бен нохчи хира вац. Иштта. Классехь шиъ бен нохчий дешархо вацара, воввшех нохчийн маттахь цхьа дош аьлча а, хьехархочо куьйгах еха хьажорг еттара «ас шуьга и жIалийн мотт буьйцуьтура бац» бохуш. Хьехархочо, кесст-кесста пена тIехь яздора даккхий элпашца «Оьрсийн мотт-дуьненаюккъера мотт» олий.
ЦIахь оцу хIумнахь арз дан а, иза, гIардаккха а, йиша яцара. Ша цхьа иштта хила дезаш санна, эхь хоьтуьйтура шен ненан маттахь къамел дар. Соьлжа-гIалахь, официала дихкина ца хиллехь а, иза бийцар доккха гIалат лорура.
Нохчашна моттадолуьйтура, оьрсийн маттаций бен царна дуьненан кхиам а хира бац, Дала белла ненан мотт бийцар, иза шира хIума ду аьлла. Я цара бохучу хуманна тIехь Iан везара, я «да оставьте их, это ведь колхозники» бохуш могIар тоьхча санна, хила везара.
Тахана Соьлжа-гIалалахь, масла, кхин сурт ду. Буьйцуш массо а маьIIера нохчийн мотт бу, амма, тахана а ца боьвла оьрсийн меттан культуран экспансийн йийсарера. Масла, могIарера доьзале вахча а, оцу шина меттан къийсам хилар го. Дукхачу хьолехь, нохчийн маттана эшам а бу. Иштта хьал ду, масла Айза цIе йолчу зудчуьнан доьзалехь а. Кхо шо долу йоI, нохчийн матте яьккха гIерташ ю иза.
Айза ша а ю цецъяьлла, нохчийн маттана йоI оццула иза доьзалехь бийцарх тIе ца ерзарна.
Айза: «Иштта хIора дийнахь, бераца нохчийн мотт бийца гIерта со. Ас мел дIабийцарх, доьхьал гIазкхийн мотт бен схьабуьйцуш а бац. Цхьана йоIо ишшта буьйцу иза, вукхо-м нохчийн а , гIазкхийн а, цхьа терра буьйцу. Мультфильмашка хьожуш, компьютер тIехь ловзуш Iаьмма иза.
Керла шо тIедогнIучу хенахь, цхьа шо хьалха, маьрйишийн йоI яра Оьрсийчуьра схьаеана, цуо буьйцура оьрсийн мотт. Цхьана шина-кхаа дийнахь, цуьнца къамелаш а дина, гIазкхийн маттана тIеели хIара. ХIинца нохчийн маттана Iте ца ерзалуш ялла со. Суна нохчийн а, гIазкхийн а, нохчийн мотт цIенна хаа беза. ХIинца иза ца Iама яхь, цунна иза хуура бац. КIантана-м нохчийн мотт иза гуттара а коьрте хета суна. ЦIенна нохчийн мотт хууш волчуьнний бен, гIилалкхаш а хуура дац, къонах а хира вац».
Тамашийна дерг ду, нохчийн мотт буьйцуш балахь а, яздан а, цу тIехь деша а ца хаар. ИШколехь хьалхарчу классашкахь хьехархо йолчу Ларисас а тидам бо цуьнах.
Лариса: «Бийца-м шен-шен уроке хьаьжжина буьйцу ишколехь. Амма, математика урокехь, нохчийн маттахь дийца дезаш а хуьлу. Берашна, массарна ца кхета ахь оьрсийн маттахь дийцарх. Йоза а дикох гIазкхийн маттахь дIалоцу. Диктант а яздо дика. Нохчийн маттахь шалгIа эжлпаш хала ду царна Iамадан».
Нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, хилча дика дуйла кхета нах. Амма, оьрсийн маттана тIетеIа, цуо дахаран аьттонаш ло бохуш. Масла, 42 мотт хууш, царан юккъахь, готтачу гуонехь бен боьвзуш боцу африканхойн меттанаш а болуш, волу Соьлжа-гIалара вахархочуьнна Эскаев Артуран а ца хаа шен маттахь яздан а, деша а, ур-аттала шерра иза бийца а. Ша дерг, доьзна ду, адамех шех.