ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIаран кхелехь



Бостонехь нах а бойуш, лелхийтарш дарна бехке вечу Царнаев ЖовхIаран кхел тIедогIучу шеран гуьйрене таттар дехна цуьнан адвокаташа кхеле. Ткъа кхушара гурахь дов хаттар долоре сатуьйсу прокурораша.

Лаххара а кхаа баттахь лаьттар ю кхел, цул совнаха 6 кIира оьшур ду бехккъасторхошна а ,боху шайн дехарехь адвокаташа. Iамеркарчу прокурораша иттех де хьалха вен кхачор дехна Царнаевна Массачусетс штатан кхеле. Амма нохчочо талламчашна аьтто беш, тоьшаллаш дахь, вен ца кхачон а тарло иза, яздо Iамеркан прессехь. Ткъа Царнаевс шена тIебаьхначу 30 бехках цхьа а тIе ца эцна цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG