ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жирафна сагатдо Кадыровс



Данерчу Видебек-гIаларчу Jullands зоопаркехь, маха а тоьхна, ен тарлуш йолу жираф Мариус, ша хIусам а луш, Нохчийчу тIеоьцу, яздина цигарчу администратора Кадыров Рамзана шен интернетерчу инстаграмехь. И хаам мехала а лоруш, баржош ю махкарчу Iедалан пресс-гIоьнчалла.

"Цуьнан санна, Мариус цIе йолу кхин цхьа жираф йийна Данерчу кхечу Копенгагенерчу зоопаркехь, хIинца шолгIа Мариус а ю юьйр йолуш. Къинхетам кхачош, со кийча ву иза тIеэца. Оха дола а дийр ду, цуьнан могашалла а Iалашйийр ю", - боху Кадыровс инстаграмехь.

Интернетехь хаам бешначу Европехь, Iамеркахь, Малхбалехь бехачу нохчаша хоьтту шайн йозанашкахь, дийнатанна санна, бIе эзарнашкахь даймахках бовла дезначу нохчашна бийр барий те Кадыровс ша жирафна бен къинхетам, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG