ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амнисти болх бан йолаелла Украинехь


Оршотан дийнахь Украинехь болх бан доладелла амнистех лаьцна низам. Цу низамца а догIуш, жоьпе а ца ийзош маьрша бита безаш бу дуьхьалонан акцийн декъашхой.

Инарлан прокуратуран сайт тIехь дуьйцуш ду низам болх бан доладалийта оьшуш болу цхьамогIа билламаш оппозицино кхочуш бина хиларх лаьцна. КIирандийнахь дуьхьалонан акцийн декъашхой дIабахара ши бутт хьалха дуьйна шаьш лаьцна латточу Киеван администрацин гIишлонера.

Цул сов, машенаш лела йолаелла милцой а, демонстранташ а тийсабеллачу Грушевского цIарахчу урамехула. Киеван мэри дIахийцира оппозицин векалша, карарчу хенахь ОБСЕ-хь гIантда йолчу Швейцарин Украинехь волу векал Шоненберг Кристиан тIехьожуш а волуш.

КIирандийнахь Украинин оппозицин агIончаша маьршайехира шаьш дIалаьцна йолу масийтта областера администрацин гIишлош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG