ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий хIаллакьбеш майралла гайтинчунна Соьлж-гIалахь урам


Соьлж-гIалина тIе луьста бомбанаш йиттинчул тIаьхьа, 25Деч1995

Нохчийчура шина тIамехь бухарчу бахархошна тIе герз детта а, къам къардан а бахана хиллачу оьрсийн эскархойн а, къайлахчу сервисийн векалийн а сий деш, рогIера гIулч яьккхина Соьлж-гIалахь.

гIалин юккъера Дагестанская урам, ФСБен адмиралан Угрюмов Германан цIарах хийцина. ХIинцале, керла йозанаш дIадиттина цу урамерчу гIишлошна тIе. Цу гIуллакхана леринчу церемонехь дакъа лаьцна Оьрсийчоьнан ФСБен директоран когаметто Патрушев Николайс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а.
Нохчийчура хаамийн гIирсаша дийцарехь, шолгIа тIом болалуш, Москохана муьтIахьалла гайтинчу Кадыров Ахьмат-хьаьжин доттагIа хилла Угрюмов.

МогIарерчу нохчашна хетарехь, зачисткаш еш лаьцначу иттинашна нохчашна тIехь луьра къизаллаш лелийна а, бIеннашкахьхь адамаш тIепаза дарна а бехке йолчу Ханкала-штабана урхалла дина стаг ву, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан векал Угрюмов Герман. ГIуллакх ишта дIадодахь, нохчийн эвланаш дIашаръеш майралла гайтинчу инарлан Шамановн а, нохчийн зудабер хьийзиначу Будановн а цIераш тохкур ю. Мемориалан векал волчу Байсаев Iусамас дийцира оцу хьокъехь шена хетарг.

please wait

No media source currently available

0:00 0:01:21 0:00
Линкана тIе

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Кхунах тера

New Comments Available

Recommended

XS
SM
MD
LG