ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь зуламе лору массара а, ткъа дан таIзар карадац


Голланди -- Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак тIехь волу беракема ду Амстердамехь охьадуссуш, 24Заз2014
Голланди -- Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак тIехь волу беракема ду Амстердамехь охьадуссуш, 24Заз2014

ХIаагехь оршот дийнахь дIайолаелла заррат герзийн кхерамазалла йийцареен саммит. Орьсийчоьнан президент Путин Владимир декъахь а воцуш, дIахьочу цу саммите шен Европехула турне дIайолош кхаьчна Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак. Оьрсийчоьнна дуьхьал керла гIулчаш йийцаре еш ву иза Европерчу куьйгалхошца.




Европехь дIайолаеллачу заррат герзийн кхерамазаллина лерина йолу саммит дуьххьара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир декъа а воцуш дIахьош ю. Цунна метта ХIаагерачу цхьаьнакхетареллехь дакъалоцуш ву Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей.

Цу гуламехь вовшахкхеттачу дуьненан 53 пачхьалкхан куьйгалхойн могIаршлахь Путин Владимир вацахь а, кхаьчна цига Цхьанатоьхначу Штатийн президент Обама Барак. Цуо ша йоккхачу турнеца Европе кхачале а, кхаьчначу хьалхарчу дийнахь а цхьа могIа дIахьедарш дира Оьрсийчоьнах а, Украинах а лаьцна.

„Оьрсийчоьно ша ГIирмина аннекси ярах жоп дала дезар ду, - элира Обамас Нидерландийн премьер-министр волчу Рютте Маркаца шен цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа журналисташка. - Евробарт а, Цхьанатоьхна Штаташ а шаьш Украинин урхаллина а, Украинин халкъана а белшаш гIорторехь цхьатерра хьежамаш болуш ю“, - аьлла.

Обамас кхин цкъа а билгалдаьккхира, шаьш Оьрсийчоьнца дика юкъаметтигаш езаш а, царна тIегерташ ду, аьлла. Амма йозуш йоцучу луларчу пачхьалкхенан дакъошна аннекси яр дуьненаюкъарчу низамашца догIуш дац, магийта йиш йолуш а дац, элира цуо.

Хьахон догIу, ХIаагера саммит йолаяла цхьа де дисначу хенахь, кIирандийнахь, немцойн канцлера Меркел Ангелас телефонехула рогIера зIе йинера Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца.

Евроберто, уггаре а хьалха немцойн урхалло Оьрсийчоьнца ГIирма бахьана долуш совкIеда политика лелорна, я, ма-дарра аьлча, санкцеш Оьрсийчоьнна дуьхьал ярехь, довдаран пIелг лестор бен, кхин хIара ю аьлла гIулчаш яха ца хIуттуш лелаш хиларна Германерчу журналисташа а, юкъаралло а критике ечу Меркела Кремлан гIентан дега дIахьедар дира, нагахь санна ГIирмахь цIий Iенаш хилахь, цунах долу жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь хир ду, аьлла.

Меркел Ангелин официала векал волчу Зайберт Штефана бинчу хаамца, канцлеро иштта кхин цкъа а тIечIагIдира, ГIирмина йина йолу аннекси дуьненан юкъаралло къобал йийр йолуш ца хилар.

Политологин Iилманчина Асхьабов Хьамзатана хетарехь, Малхбузено и хIума къобал дахь а, ца дахь а, ГIирма Украинин долара яьлла ларамегар ду. Цунна хетарехь, хиллал и хуьлуш хилча, цIий а ца Iенош и хIума дIадерзар а доккха гIуллакх лара догIу.

Асхьабов: „ ГIирма кхин юхайогIур ю аьлла ца хета суна. Соьга хаьттича, иза Украинех дIакъастар а, Оьрсийчоьнах дIакхетар а, хила йиш йолчуьнга хьаьжча, нахана зуламаш ца хуьлуш, дIадерзарна Оьрсийчоь йоккхаен а мегар долуш, церан иза дика чекхдаьлла лара мегар ду. Делахь а, хIинца коьрта хаттар: кхин дIа Оьрсийчоьно цу Украинин кхин дIа долчу лаьттанашна тIехь зуламаш а лелош, уьш дIакъасто гIерташ,

Украина екъагIерташ, - и хIума цуо лелор ду я дац бохург ду массара а сагтадеш дерг. Цу хаттарна жоп Оьрсийчоьнан президента Путин Владимирс доллучу дуьненна хьалха делира, шаьш и лелор дац, аьлла. Делахь а, цу къамелах теша мегар ду бохург эрна ду, хIунда аьлча, политико тахана шена оьшшург дуьйцур, ткъа кхана шен аьтто берг до“.


ХIаагехь ша динчу къамелехь Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Баракъа билгалдаьккхира, Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а луьрох санкцеш йийрг хилар а, цу санкцеш Оьрсийчоьнна вуно лазаме хирг хилар а. Амма Оьрсийчоьнан куьйгалло цкъа а ца дина тергал, шен бахархоша халонаш лан дезаш хилар, бохуш дуьйцу политолога Асхабов Хьамзата. Цундела, боху цуо, Оьрсийчоь санкцеш бахьана долуш юхайер бохучух теша хала ду.

Асхабов Хьамзат: „Цу пачхьалкхехь бехачу нахана тIеIаткъам хир бу. ГIийла бохкучеран ахчанаш дайдалар а, хьалха шайгарчу алапах эцалуш хилла долу сурсаташ цаьрга кхин эцалур ца хилар а, - иза, шеко а йоцуш, новкъа ду. Оьрсийчоьнна и шена хир дуйла а хаьа. Цул совнаха а Малхбузено шега далург дийр дуйла а хаьа. Делахь а, оьрсийн политика евзаш ю: нахана мел хало хилахь а, шайн амбицеш бахьана долуш, шаьш импери ю бохург чIагIдархьама, цара иза атта ловр ду. Кхин а чIогIа санкцеш шайна дуьхьал яхь а, уьш юхабевр бац“.

Оршот дийнахь Нидерланашкахь дIайолаелла саммит заррат герзийн кхерамазаллина лерина ларалуш елахь а, хIетте цуьнан коьрта чулацам Украинехь долчу хьолана лерина хир бу. Цхьаццаболчу тергамхошна хетарехь, саммитан коьрта жамIа – Цхьанатоьхначу Штаташий, Евробертой керла юкъара санкцеш Оьрсийчоьнна дуьхьал яхарехь хир ду.

Иштта хила там бу, и саммит дIайирзича НАТО тIеман альянсо Украинин а, луларчу Молдавин а, - ала дашна, шен дакъошна а Оьрсийчоьно кесталгIа аннекси ярах кхераелла йолчу, - хьокъехь керла сацамаш тIеэца. Цуьнан тоьшалла санна го аналисташна, ХIаагерчу саммитера воьддушехь Iамеркан президент Обама Барак Брюссель НАТОн инарла секретарца Расмуссен Андерсаца цхьаьнакхета ваха Iалашо йолуш хилар.
XS
SM
MD
LG