ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецин прокуратура: Узбекистанан президентан йоIа кхаъ эцна



Швецин прокуратурано Узбекистанан президентан йоI Керимова Гульнара бехкейо цо Швецерчу «Телиа Сонера» компанина, Узбекистанехь болх бан аьтто нисбеш, цуьнгара кхаъ эцарна. Хаам баржийнарг ю Рейтерс-агенталла.

Прокуратурано бахарехь, «Телиа Сонерага» Узбекистанехь «3G» олу зIе хIоттайойтург Керимовас даьккхина 350 миллион доллар.

Маршо Радион а, Би-Би-Си-н а хьостанаша хаам бо, Керимова Гульнара, цо ша яздинчу кехата тIехь дечу тоьшаллица, иза шен Ташкентерчу цIачуьра арайолуьйтуш яц, цунна ницкъ а бо, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG