ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берашна кхераме садаIар кечдина Кадыровс



Оьрсийчоьно Украинера дIаяьккхинчу, хIинца экономикан халонашкахь йоллучу ГIирме кху аьхка 8 эзар бер садаIа хьажо дагахь ду Нохчийчуьра Iедал. Оцу хьокъехь хаам бийриг ю къинхьегаман, социал-кхиоран министралла. Цо бахарехь, дуьххьара тоба новкъайоккхур ю цхьа бутт ах бутт баьлча. Аьхкенан йохалла, дакъошкахь хьийсор ду бераш ГIирме.

МогIарчу бахархоша тидарехь, уггаре хьалха оцу сацамна буха йиллинарг политика ю. СадаIа даха кечдечу берийн дай-наной богу, цигахь шайн доьзалхошна зенаш хиларна, Украинера хьал цхьана йистте даллалц, шайна луур дацара и тайпа садаIар берашна нисдойла, бохуш бу цара «Кавказан узел» газетехь бен леткъамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG