ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши гIаттамхо кхеле велла Нохчийчохь



Теллина а даьлла, Нохчийчоьнан кхеле кхаьчна мехкан вахархочо Уманцев Александра а, дагестанхочо Мамаев Данияла а Нохчийчохь полисхошна 2004-чуй, 2005-чуй шерашкахь тIелетарш дарх долу дов. ГIаттамхойн йоккхачу тобан декъахь Эвтарахь полисхошна динчу тIелатарехь дакъалаьцна боху талламчаша оцу шина жимчу стага. Цигахь виъ, цул тIаккха Нажи-Юьртан къоштахь кхин а кхоъ полисхо верна бехке во Уманцев а, Мамаев а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG