ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ирсо дакъаза баьхнарш


Оьрсийчоь -- Харжамашкахь тоьллачу партин жамIех воккхаве Красноярскера вахархо, 06ГIу2011
Оьрсийчоь -- Харжамашкахь тоьллачу партин жамIех воккхаве Красноярскера вахархо, 06ГIу2011

Оьрсийчоьнан бахархойн ирсан барам буьстина талламийн ВЦИОМ-центро, ша иза юкъ-кара деш ма-хиллара. Цкъа а ца хиллачу кепара ирсе ду адамаш, боху цо шен зерийн жамIаш довзуьйтуш.




Кху 25 шарахь цкъа а ца хиллачул дукха бу, Кремлана герга йолчу талламийн центро бахарехь, ирсе нах Оьрсийчохь. Ирсан барам гойтучу тIегIанахь 100-нах 64 балл боккху талламо. И бохург ду, социологаша дийцарехь, пачхьалкхера 78 процент бахархой бу шайн ирсах бехьаш.

Шаьш гуттар а диканехь беха аьлла хетачаралахь бу 18-24 шераш долу кегийнах. Къоначу Оьрсийчоьнан бахархошлахь ирсе шаьш лору бIеннах 92-мма. Институташ, университеташ яьхначу нахалахь дахаран лаккхарчу шовкъе кхаьчна бу 83 процент нах. Ирсо шена букъ тоьхна, дедда шех аьлла хетарш а бу Оьрсийчохь – 14 процент.

Сте бина нах ирсе? Иза а къастийна ВЦИОМо. Шен доьзалехь дерриг а дика хиларна баккхийбе 30 процент нах. 17 процентна ирс кхачориг ду берийн а, берийн берийн а дахар тоьлла хилар. Балхой, дешарой синан токхене кхачийна веха хIора бIеннах 13. Массо а агIор ниIмат тIеIена шена аьлла хаттамна жоп деллачех12 проценто.

Кхеташ ду, дегIан, синан могашалла ю адамна коьрта. Массо а хIуманал герагарчийн могашалла еза хеташ хилла хьалхарчу шерашкахь ВЦИОМо талламаш беш 6 процент Оьрсийчоьнан бахархой. ХIинца и тIегIа коьрта лорурш дебна, 11 проценте а кхочуш.

Дахар тайна хиларна, ша-ша ирсе хета шена аьлла 7 проценто. Безамо воккхавевеш веха хIора бIеннах виъ. Оццул бу ахчанах Iехабелларш а, чуваха чоь хиларх кхачамбийраш а. Ткъа шайн пачхьалкхехь тIом бацар ирс ду олуш ца бевлла 4 процент бен.

Ирс доцучийн терго а йина ВЦИОМо – чудогIу рицкъа кIезиг хиларна аьрзнаш до 15 процент бахархоша. 8 проценто леткъамаш бо къаналла а, лазарш а т1ех сиха а, луьра а шайна тIегIертарна. Болх бацарна ирсан орам байна ву бIеннах виъ стаг.

Шен дахар ша вуьззина реза волуш дацахь а, гонаха бехачу нехан кхачонех воккхаве Оьрсийчохь хIора шолгIаниг аьлча санна. И хазахетар къадораш бу докккхачу декъанна къона бахархой – 63 процент.

Шайна тIех дукха го гонаха ирс доцу нах, аьлла, жоп делла 12 процент респонденташа. Ирс дерш а доцурш а цхьабосса барамехь бу шайна гонаха аьлла хетачийн процент ю 38.

Социологаша нехан ирсан барамаш бустуш деллачу хеттарех коьртаниг иштта ду? «Дахарехь дика а, вон а лела. Юккъерчу хьесапехь аьлча, хьо ирсе ву я вац?»

ВЦИОМо дечу тоьшаллех мел тешам бу, буй-те дуьненца цкъа а ца хиллачу кепара девне яьллачу Оьрсийчоьнан бахархой оццул ирсе, шеко кхоллало.
И шеко къадийра Маршо Радионо Оьрсийчоьнан Iилманчех уггаре а мехала ларалучу Москохарчу Iилманче-психологе Китаев-Смык Леониде.

Китаев-Смык: «Дуьххьара ас хIун эр дара аьлча, и терахьаш гIиллакх лардеш вовшахтоьхна дац. Хеттарш, уьш вовшахтоху принципаш нах оьшшу жоьпаш луче кхчош кечдиначух тера ду. Суна тусалург иза ду – долчуьнца ца догIу терахьаш. Иза хьалхарниг ду.

ШолгIаниг. Адам ирсе ду ала дуьхьало йийриг – тахана цунна чохь йоккха агресси еха. Цо хададо дерриг а. Бен башха а дац, я дин а, я къам а, ур-атталла нах беха меттиг а.

И оьгIазалла нахехь шаьш Iалашбеш IаьIна ю. Психологех, я аьр вай, биологин буха тIера схьайолуш. ХIунда аьлча, вай махкахь дахар, иза деккъа дIа, гIоьртина ду аьлла, дуьтийла доцуш, вуно чIогIа гIоьртина, хала ду. Оцу йозаллин факторш дукха ю, цара адамаш до оьгIазе, къиза. Цунах стага ша-шен ларвеш йолу оьгIазалла а алало, цо хьо ларвеш а воцуш, мелхо а хьан дахар эшош делахь а.

Стенний? И огIазалла дебош ду дерриг а, хаамийн гIирсаш а, Iедал а. Баккъал а ирсе лара богIу, хьоло букъбина нах бу массанхьа а буьйцуш, базбеш. Гайтар а ду оьгIазалла, хьагI нахехь естош. Иштта дIахьаьжча хета, цо новкъарло ца еш санна, ткъа вай синошкахь ма кхуьу хьагI а, оьгIазалла а.

КхидIа. Къастам бац цхьана а хIуманца, я политикехь а, я экономикехь а, я кхетош-кхиорехь а. Я дегайовхо а яц хьал толур ду ала. Хаамийн гIирсаша стеган дагчу дуьллу хIара дахар хийца йиш а йоцуш доьхна ду бохург».

«Культурехь бахархойн кхетам бузуш болу нах» цIе йолчу оьрсийн тептаре язвинчу, дуьненан Iилманчийн юкъарлонаша а лоручу, Дуьненан экологин академин академик а волчу Китаев-Смык Леонидна мухха а хетахь а, Кремлна а, цуьнан багахьаьжжина бехачу нахана а лаккхарчу мехах бу пачхьалкхан социологин талламаш, цара пачхьалкхан истеблишментна ма-оьшшу луш долу жамIаш.

Тахана Оьрсийчоьнан юкъарлонехь лела бакъо цхьаъ бен яц – лакхара охьахецннарг. И бакъо яьржа массо а хIуманна. Теша а хьо декхаре ву деккъа дIа Кремло къобалбечу Iилманчех, талламчех, царех цхьаъ ю ВЦИОМ.
ВЦИОМан хаттамехь дакъалаьцна 1600 стага, уьш бу 42 мехкан 130 гIалара а, юьртара а. Шен зерийн жамIаш галдовлийла дац бакъдолчу суьртах 3, 5 процентал тIех, аьлла а хета социологин центрна.
XS
SM
MD
LG