ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иэсехь а доцу денош билгалдохур ду Нохчийчохь



Иэсан денош билгалдаха кечъеш ю Нохчийчоь цигарчу Iедало. Зазадоккху-беттан 9-гIа де - ерриг а Оьрсийчохь санна - даздийр ду Толаман Де а лоруш.

Амма дуккха а наха шеконе дуьллу цул тIаьха 10-чохь билгалдоккхучу дийнан мехалла. Цхьана а кепехь хиламашца доьзна доцчу денойх Эсан денош дарх ца кхета нохчийн къоман дакъа. Делахь а цу дийне хьажийна мехкан куьйгалхоша Кремло куьйгалле хIоттийна хилла Кадыров Ахьмад вер дагалацар а, 1944-шеран Iай вайнах махкахбахар хьехор а.

Соьлж-ГIалахь а, мехкан кIоштийн шахьаршкахь а шуьйрра билгалдоккхур ду и ши де. Хьалхарниг - синкъерамца, шолгIаниг – сингаттамца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG