ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 тIалиб вийна, хаам бо Кабулера



ОвхIанистанехь, ГIазни провинцехь, Iедалан хьостанаша бечу хаамца, пачхьалкхан ницкъаша, тIе а летта, вийна 100 сов тIалиб, лазийна оццул. Царалахь маситта пакистанхо а ву, боху официало. Эскарийн векала Султани Назифа хаам бо, салтех вийна цхьа а вац, хIинца ГIазни-кIоштахь шаьш низам дIа а хIттийна бохуш. Терахьаш талла аьтто ца баьлла бозуш боцчу тергамхойн.

ТIалибаша харцдо Султанис даржориг, иштта бехке до цара пачхьалкхан эскарш маьрша нах байарна а. ХIинца а лаьтташ долчу тIеман хьоло шайн хIусамашкара меттахбаьхна бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG