ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Либин бердаца буха дахана мигранташ тIехь болу хIордан кема


36 мигрантан дакъа карийна Либин берда йистехь. И нах хилла Латтан юккъерчу хIорд чохь хибухула даханчу хIордан кеман тIехь. Либин Iедалша бинчу хаамца, 52 стаг къелхьара ваьккхина. Кхин а лаххара 54 стаг вайна лоруш ву.

И нах лоьхуш бe Iедалан ницкъаша. Верриг а хибухула даханчу кеман тIехь хилла 130 мигрант. И нах къайлаха Европерчу пачхьалкхашка боьлхуш хилла. Царах дукхах берш бу къелла хьоьгучу Африкерчу пачхьалкхашкара. Къайлах болчу мигранташа пайда оьцу Либин территорех Европе баха арабовлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG