ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн а, украинахойн а мостагI Гиркин-Стрелков


Украина -- "Донецкан республикан" тIеман баьчча Гиркин (Стрелков) Игорь
Украина -- "Донецкан республикан" тIеман баьчча Гиркин (Стрелков) Игорь

Украинан малхбалехь оьрсийн сепатаристаша гIаттийначу боламан ницкъийн коьрте ваьлла Гирин-Стрелков Игорь. Цо шех «Донецкан республикан коьрта тIеман буьйранча» олу. Иза мила ву, стенгара ваьлла? Оцу хаттаро Нохчийчу кхачаво, цигахь гайтина оьрсийн къайлахчу сервисан эпсаро шен хатI ма-дарра.




Оьрсийчохь тахана хаа аьтто боцу хIуманаш лела кху дуьнентIехь. Кремлан режимо дихкина, масала, нахана интернетера «Ежедневный журнал» (ХIора дийнан журнал) деша. «Хьо вицвелла со муьлхачу пачхьалкхехь веха, сан ишттаниг деша некъ боцийла, элира соьга сан цхьана накъосто, ас хьажахь, аьлла, шега Гиркин-Стрелковх лаьцна оцу журнало яздийриг деша аьлча.

Цундела Маршо Радионо шена тItоьцу Гиркин вовзийтар.

Юьхьанца ГIирмехь а, тахана Донбассехь а меттигера оьрсий, ир-кара а хIиттош, Украинан дуьхьал бохурш а, лулара пачхьалкх кескашка яха арабевлла хьийзарш а Кремло хьийсийна диверсанташ хилар ду дерриг а дуьненна гуш. Путин Владимира шен кепехь шалхенаш лелаяхь а, гучудуьйлу Оьрсийчоьнан Iалашонаш машаре а я Украинах доглазарца йоьзна а йоцийла.

Киево дуккхаза а Iораяьхна Оьрсийчоьно шеца лелаен ямартлонаш. Царех цхьаъ ю Путинан куьйга къелхьара къайлаха ницкъаш Донецкехь сепаратизм марсайохуш, террор яржийна хьийзар. Гучуевлла а, евзаш а ю, Москох бенаш а болуш, цигара дIа дечу буйрашца Iедалан эскаршна дуьхьал тIемаш бен тобанаш.

Сепаратисташа кхайкхийначу «Донецкан республикан» тIеман ницкъийн коьрте ваьлла лела кху муьрехь Москох шен доьзал а битина араваьлла лела оьрсийн диверсант-эпсар Гиркин Игорь. Ткъа Донбассехь и вевза «Стрелок» я «Стрелков» цIарца.

Деношкахь иза мила ву довзуьйтуш дIахьедарш даржийна «Мемориало», аьлча а, цуьнан куьйгалхойх волчу Черкасов Александра а, дукха заманахь дуьйна цуьнан цхьана болх бечу нохчочо Байсаев Iусама а. Цара чIагIдо и стаг Нохчийчохь 13 шо хьалха а билгалваьлла нах хIаллакбарца бохуш.

Маршо Радионо дийхира карарчу хенахь Норвегерчу ХIелсинкин комитетехь къахьоьгучу Байсаев Iусаме Гиркин-Стрелков вовзийтар.
Линкана тIе


Бакъоларъярхоша Байсаев Iусмана а, Черкасов Александра а йовзуьйтучу къайлено алссам нах гIовттийна интернетехь ир-кара. Оцу хьокъехь Фейсбукехь довзуьйту нохчаша а, украинахоша шайна хетарг.

Цхьа дакъа тешна ду Гиркин а, и санна болу кхел а, дов а доцуш нах хIаллакбийраш кхуллург Путин Владимир а ву, иза цкъа, хенан йохалла дуьненаюкъарчу зуламийн кхело а жоьпе а озор ву бохучух.

Ткъа кхечарна къезиг догдоху и тайпа нийсо хир ю бохучух. Царех ву ша бакъоларъярхо Байсаев Iусман а.
XS
SM
MD
LG