ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Луганскехь бIеннаш зуламхой тIелетта Украинин дозанхошна


Луганскан доза лардон тобанна тIелатар дина герзаца болчу террорахоша. Цунах лаьцна хаам бина Украинин пачхьалхкан доза лардон урхалло. Цхьаболчу хаамашца, цигахь тIом боьду масийтта сахьт ду. Украинин Iедалан векалша бинчу хаамца, вийна тIелатарехь дакъалоцуш волу 5 стаг.

Лаххара а 10 стаг чевнаш йина ву. Дозанхошна тIелатарехь дакъалоцуш ву 400 гергга стаг. Украинин хаамийн агенталло бинчу хаамца, зуламхоша дIалаьцна цигарчу тIеман декъана лулахь долу маьрша нах беха цIа. Цу чура герзаш детташ бу уьш Украинин дозанхошна.

Дозанхоша латкъам бина Украинин Къоман гвардино цхьана а тайпа накъосталла деш дац шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG