ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карачин аэропортна тIелетта тIалибаш




Пакистанехь Карачи-гIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортехь 28 стаг вийна маса тоьпашца, гранаташца тIелеттачу тIемалоша. Царех цхьаберш хилла мехкан ницкъахойн духарахь, шайлахь шаьш-шайн лилхийтинарш а болуш. ТIекхаьчначу пачхьалкхан эскаршна тIелетта рогIера тоба буьйса юкъахяьлча.

Иштта вийна 10 тIемало. Аэропорт ларъеш хиллачу ницкъех а, аэропортан бехахойх а бу бухара белларш. 26-на чевнаш хилла.

Телефонехула Маршо Радиоца къамел деш тIалибийн ТехIрик-е-ТIалибан олучу тобан векала дIахьедира, стохка Iамеркан Штатийн чохь лелош стаг воцчу кеманаша –дронаша – шайн лидер МасIуд Хьакимулла верна чIир эцна шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG