ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Freedom House: демократи эшна Оьрсийчохь а, гонаха а



Фридом Хаусо шен керлачу дIахьедарехь хаам бо, Оьрсийчоьно хьалха советан Iедал лаьттинчу мехкашна бен тIеIаткъам стохка репрессийн керлачу тIегIане кхаьчийна бохуш. Еарий дийнахь «Кхиаран новкъахь болчу мехкашкахь 2014-гIа шо» цIе йолчу цу тIехь цо боху, демократин болам итт шо хьалха хиллачу бараме охьабахана.

Советан Iедал лаьттинчу мехкашкахь коррупци йистина, иштта йистина коррупци социализман новкъара бевллачу Балканан а, Юккъерчу Европан а мехкашкахь. Евроберта юкъахь йоцчу, советан Iедалх схьаевллачу12 пачхьалкхехь демократи эшна, яздо Фридом Хаусо шен дIахьедарехь. Делахь а, халкъан кхетам лакхабаьлла 2013-чу шарахь Украинехь а, ГIиргIазойчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG